Top 10 similar words or synonyms for xi

NotFoundError    0.789

Top 30 analogous words or synonyms for xi

Article Example
XI бӀешо 11 бӀешо — 100 шо еза заманан кийсиг, 1001 шеран 1 январь дуьйна 1100 шеран 31 декабрь кхаччалц. ШозлугӀа эзаршеран хьалхара бӀешо.
XI бӀешо ДӀасадаьржина ду гӀалат, 11 бӀешо "1000" шеран 1 январехь доладелла а, "1099" шеран 31 декабрехь чекхдаьлла а бохуш.
Леонти Мровели Лео́нти Мрове́ли () — гуьржийн XI бӀешарахь хила историк, епископ, «Картлис цховреба» хӀоттиначарахь цхьаъ.
Медицина Русехь монастыран медициница цхьаьна кхуьура халкъан медицина. XI—XII бӀешерашкахь Переяславлехь а, Киевехь, XIII бӀешерашкахь Львовехь кхоьллира дарбанан цӀенош. Дарбанан гӀуллакх Россехь дукха хенахь дуьйна леладора лоьраш-эмпирикаш («ликовци»), аптекарша («зелийникы»), даь1ахкашнисйийриш, цирюльникаш.
Саракаев, Ибрагим-Бек Граждански тӀеман хенахь Сергей Кировн рекомендацица иза вара XI ЦӀен Эскирахь буьйранчан латторан когаметтаниг. Нохчичохь Совет Ӏедал тоьлча иза хилира Нохчийн автономни областан милицин хьаькиман когаметтаниг. Иза НКВДс хьийзавора, амма иза ша велира 1934 шарахь Веданахь.
Эльдарханов, Таштемир Эльжуркаевич Эльдарханов вара VIII, X, XI, XII Ерригроссийски Советан гуламан делегат, Ерригроссийски Коьрта Исполнительны Комитетан 10, 11, 12 созыван дакъашхо, СССРн Коьрта Исполнительны Комитетан 1, 2, 3 созыван Нохчийн автономны областера дакъашхо.
Нохчийчоьнан истори XI бӀашо кхаччалц вайнах политеисташ бара, Ӏибадат дора меттигерачу деланашан. Царна юкъахь даьржинера гӀомалла, молханаш лелор, лаьмнашна, боьлакашна, дитташна, кхин дуккха хӀуманна Ӏибадат дар. XI—XII бӀешерашкахь Гуьржмйчуьра а, Византиера а православи еара. Гуьржийн паччахьаша кхуза дин хьеха мозгӀараш бахкийтора, жайнаш дахкийтора килсанаш йан гӀо а дора. XIII бӀешо герга кхаьчча керстаниг вайнехан коьрта дин хилира, ткъа вайнеха юкъараллаш Гуьржийн пачхьалкхан гӀоьнчаш хилира. Византи йохар а, Гуьржийчура гӀелъялар бахьана долуш вайнахана юкъахь керста дин гӀелделира; оцу хенахь дендеш дара шира дин — политеизм, XV—XVII бӀаьшерашкахь вайнаха леладора иэдина керста дин а, политеизм а.
Нохчийн мотт Нохчийн йоза заманан йохалла хийцалуш схьадеана. Исторически а, идеологически а хьелашка хьаьжжина йоза гӀеллуш а, довш а хенаш яьхкина. Амма кхечу графически бух тӀехь юха кхоллалуш хилла нохчийн йоза. Иштта Ӏилманчаша билгалдаьккхина цхьаьна хенахь ширачу нохчаша грекийн а, цул тӀаьхьа эрмалойн а графикица долу йоза лелийна хилла. Ткъа хӀинцачул XI-XII бӀешо хьалха Нохчийчохь гуьржийчуьнца догӀуш долу йоза лелла хилар а чӀагӀдо Ӏилманчаша. XV-XVI бӀешерашкахь Нохчийчу бусалбан динца цхьаьна Ӏаьрбийн йоза деъна. Нохчийчохь хьуьжарш яхка йолийна. Хьуьжаршкахь Ӏамош хилла Ӏаьрбийн йоза а, бусалбан дин а. ТӀаьхьо Ӏаьрбийн йозанах пайдаоьцуш нохчийн абат кхоьллина, нохчийн маттахь жайнаш а, кхиболу дешаран гӀирсаш а арахецна.