Top 10 similar words or synonyms for юьжий

тхоьца    0.985402

нека    0.984910

бухахула    0.982048

кхерста    0.981993

хаалуш    0.980368

кегийрачу    0.980315

хӏоранна    0.980286

улло    0.979861

рогӏ    0.979471

гӏирсашца    0.979350

Top 30 analogous words or synonyms for юьжий

Article Example
Нохчийчуьра акхарой Май бутт болалуш цхьаъ я шиъ кIорни йо сайгако. Яхка кечлуш буц лекха а, луьста а йолу меттиг лоху цо, кIорни кога яххалц кхаба а, экханах ларо а аьтто болчохь. КIорнеш йинчу хьалхарчу деношкахь нана гена ца йолу царна. Iадда юьжий Iуьллу иза къайлехь. Сов Iуьйранна кIорнеш а якхайой яжа йоьду нана. Цкъацкъа дукха гена йолий буса бен юха ца кхочу. Юхаеъчи кIорнеш а якхайой, царна юххе охьаюьжу нана. Йина кхо-диъ де даьлчи ненаца юьйлало кIорнеш.
Нохчийчуьра акхарой Пхьагалах оьрсаша "Заяц" олу. Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тогIеш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий Iуьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостагIчух кIелхьара ца йокху. Цуьнан мостагIий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чагIалкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, гIиргIанаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой жIаьлешца тIаьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан цIока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а кIелхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна я де, я буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь я тоьланашкахь. Ткъа пхьагал я буса а, я дийнахь а синтем болуш яц. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен жIаьлешца лорах тIаьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула тIехволуш Iадда юьжий Iуьллу. Варданца я машинашца дIа-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йогIий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.
Нохчийчуьра акхарой Ча Iай набарна дIаюьжу, шен бен чохь бIаьстаяллалц. Шен кога кIел мотт а хьоькхуш Iуьллу иза. Цундела цуьнан коган айраш дуткъало. Хьуьн чохь мохо орамашца бух доккхуш охьатоьхначу диттана кIелахь а, иза бухдаьккхинчу ор чохь а, йоккхачу дечиган хари чохь а бен а бой юьжу иза. Ча ара ца ялалуш хари чохь йисна карош меттигаш а хилла. Чоьхьа йолийла готта йоллушехь, гIоьртина, халла чоьхьаяьлчи хуьлуш ду цунна и. Ишттачу тIекхаьччи, таллархочунна хала дац ча ен. ТIе догIанан хиш Iийдалун меттиг ца еза чанна. Цундела дIайижа кечлуш, тIехь тхов болу меттиг лоху цо. Наггахь йолчо гIаш-генаш буха а дохкуш кIеда мотт буьллу. Наггахь ерг мотт а ца буьллуш, лаьттан цIенкъи тIе юьжу. Ча цхьаъ ша хуьлу хари чохь я кхоьчахьа, бинчу бен чохь. Итта-цхьайтта бутт кхаьчна кIорнеш елахь, шен кIорнешца юьжу иза Iаьнна дIа. Ча Iаьнна дIайижар Iаламан хьелашка хьаьжжина ду. Iа деха долчохь дукха Iуьллу юьжий, Iа доца долчохь кIезиг Iуьллу. Къилбехьа долчу мехкашкахь наггахь йолу ча Iаьнна цхьа кIеззигчу ханна юьжу. Къилбаседехь ча дукха Iуьллу южий. ХIунда аьлчи цигахь стомма ло дуьллу, тIаккха цунна бIаьста яллалц даа напгIа дац. Ижо цуьнга лаца ца ло, ткха даьхни наха шешан божлаш чохь Iалашдо. Бенара гIаьттича, йижна Iуьллуш тхьосделла дегI хеца долуьйтуш ча егало, лаьтта керча. Бакхду, башха иза йоккхаен хьелаш ца хуьлу цунна бйаьстенан йоьххьехь. Дешна дIадалаза долу ло. ГIа далаза йолу хуьн, хьалайалаза буц, боцу хьуьнан стоьмаш...