Top 10 similar words or synonyms for цхьалха

билгалдоккху    0.979922

лардаран    0.979001

такбир    0.978687

хиларца    0.978412

чоьхьа    0.978354

лета    0.978036

институтийн    0.977522

йовхонан    0.977404

мерза    0.976806

дуьхьа    0.976645

Top 30 analogous words or synonyms for цхьалха

Article Example
ЦIоз Цхьалха муьран цӀоз дукха хьолахь лардаран басахь хуьлу, дика билгалдаьлла дебаран диморфизм а йолуш, жигара доцуш (нӀаьвцициган муьрехь муххале а) цхьалха дахар ду церан. Тобанан муьран сагалматаш сирла а, бес-бесара а хуьлу, морфологехь имаго тӀомалелар гӀоле долуш хуьлу. ЦӀоз оцу муьрехь дуккха жигара лела, нӀаьвцициг оьланаш а, имагон жӀуганаш а еш. Тобанан муьрехь ян а яц дебаран диморфизм.
ЦIоз Тобанан а, цхьалха а (шайтаӀанан говр) цӀоьзан муьрийн яккхий башхаллаш ю, куьцехь а, физиологехь, иштта леларан амалашкахь а. Оцу шина муьран башхалла чӀогӀа ю, цхьана хенахь цхьаьна муьран "Locusta" тайпана сагалматаш кхечу ("Pachytylus") тайпанах лорура.
ЦIоз ЦӀоз, акридаш — масех тайпана сагалматийн бакъдолу цӀозкепарчеран ("Acrididae") доьзалера ду, церан таро ю генна кхелхаш йолу яккхийн (барам — бӀе миллион) жӀуганаш ян. ЦӀоьзан биологи башхалла йолуш ю, церан шиъ мур бу — цхьалха а, тобанан а, уьш къаьста морфологица а, леларца.
Монархи Мона́рхи ( — «Ӏедал цхьаннан карахь хилар»: — «цхьалха, цхьаннан» кхин — «урхалла дар, Ӏедал») — урхаллин форма пачхьалкхан Ӏедал цхьан адаман карахь хилар монархан (королан, царан, императоран, элан, герцоган, эрцгерцоган, султанан, эмиран, ханан, фараонан кхин а).
Электрически конденсатор Конденса́тор ( — «юкъяр») — шиъ полюс йолу дӀахӀоттинарг билгала токан чухоам болуш а, кеззиг токан чекхъялийтар йолуш; заряд ӀаӀош йолу дӀахӀоттинарг. Конденсатор ю партал электронни дакъа. Цхьалха конденсатор хӀотталуш ю шина электродах юкъахь диэлектрик йолуш. Диэлектрикан томмала къезга ю цуьна гонахйиллинарг чунна хьаьжна (хьажа сурте). Практикехь лелош йолу конденсатораш ю диэлектрикан а, электродашна а шортта чкъорнаш долуш. Кхоьчу тайпа конденсатораш хӀотталуш ю деха хьарчийна диэлектрикийн а, электродийн а ленташах.
ЦIоз Цхьалха муьрехь деха, тобана юург тоъалц. Юург ца тоьачу хенахь (дукха хьолахь иза довхачу декъачу шерашкахь хуьлу), цӀоьзо керла тӀаьхе йоккху, уьш яккхийчу тобанашка гуллало, царна дукха метаморфозаш хуьлу — дегӀ а. тӀемаш а даккхий хуьлу, шайтӀан говранех цӀоз хуьлу. Оцу хийцаман хааман фактор ю тобан луьсталла. Талламо гайтина, цӀоьзан оццул тӀаьхье кхиийта цуьнан дозан тӀе куьзга дилча а тоьу. Куьзганчохь ша гуш, цуьнца девнаш дохуш, цӀоьзо зирх тосу дӀакхалха дагахь.
Информаци Информаци (лат. "informatio", кхетор, дӀадийцар, хууш хилар) — кепаца доьзна доцу цхьана хӀуманах лаьцна хаар. Тахана информацин юкъара Ӏилманан къастам болу бац. Тайп-тайпана Ӏилманаш информацин шайн къастамаш бо. Масала, «информаци» кхетам коьрта бу информатикехь. Цуьнан къастам кхоьчу цул цхьалха кхетамашца цабало. Коьрта кхетаман чулацам муьлха Ӏилманехь къастабо масалашца а, кхоьчу кхетаман чулацамца дуьхьалхӀоттораца а. «Информаци» кхетамаца хьал гуттара чолхе ду и кхетам массо а Ӏилманан чохь леладар бахьнехь.
Дуьненаюкъара юкъаметтигийн теори Реализмо ло масех коьрта хьекъал: къоман пачхьалкхаш цхьалха ю, арахьара политика лелайо географин принцип тӀе а тевжина дуьненаюкъара юкъаметтигийн анархин системера ловзархой а болуш. Дуьненаюкъара анархин системан таро ю пачхьалкхийн юкъаметтиг дӀанисъян. Муьлхха а къоман пачхьалкх я хьалхе йолу ловзархо дуьненаюкъара аренин. ТӀаккха, лакхара кхолламан пачхьалкхан кеп даиман а вовшешца къовсамехь ю. Пачхьалкх автономин рационалан ловзархо хилла тайп-тайпана кепара лела, тӀехьаяьлла лела шен хьашташна а, коьрта Ӏалашо йолуш — латто а, чӀагӀъян а шен кхерамазалла, цунах доьзна суверенитет а, дийна йисар а. Реализмо чӀагӀдо, шен хьашташ тӀехьаяьлла лелаш, пачхьалкхо гулйо ресурсаш, тӀаккха тӀехьалон пачхьалкхийн юкъаметтигийн амал билгалйолу гулйинчу ресурсийн барамца. Цуо билгалйоккху пачхьалкхийн ницкъийн тӀегӀа. Пачхьалкхан ницкъ, шен рогӀехь, билгалбоккху тӀеман, экономикан, политикан таронашца.
Дитт "Минда́ль" (, хьалха — я ) — Ровзанан (Rosaceae) доьзалера Хьач тайпана Миндаль тайпана бухара (Amygdalus) колла я жима дитт (4—6 м лекха). Миндаль дукха хьолахь бӀарашна юкъатуху, лаг долу стом болушехь. Барамца а, кепаца а миндаль тера ю туьркан лагах. Миндаль кхуьу тӀулгийн а, тӀон а басахь хӀурдан барамал 800 — 1 600 метр лакхахь (бухарин миндаль хьалакхочу 2 500 метре), гӀоле хета кальци алсама долу латт. Геннаш чӀогӀа даьржина ду. Патаргаш шина кепара ю: вегетацин еханаш а, генерацин йоцанаш а. ГӀаш ланцет кепара ду. Зазанаш цхьалха, диаметрехь 2,5 см, кӀайн я сирла-цӀен жазаш долуш. Стом — бекъа, бархатан чо болуш, овал кепара цхьа лаг долуш, стом бекъа кхиъча атта дӀакъаьста лагнех. Кхуьу кегийра тобанашкахь 3—4 цхьаьна, вовшен 5—7 метр гена. ЧӀогӀа серло дукха еза, дика йокъалла лов, орамийн система дика яржарна а, кхоош транспираци ярна а.
Дуьненаюкъара юкъаметтигийн теори Либерализмо чӀагӀдо, пачхьалкхан таронаш яц, ткъа пачхьалкхан гӀоле хетар ду пачхьалкхийн лелар билгалдоккхуш уггар хьалха. Пачхьалкхе цхьалха ловзархочунга санна хьоьжуш йолу реализмах къаьстина, либерализмо могийта плюрализм пачхьалкхан белхан. Цигара схьа, гӀоле хетар къестор ду пачхьалкха тӀиера пачхьалкха тӀе кхаччалц, оьздангалле, зависимо от культуры, экономикан системе я политикан режиме хьаьжжина. Либерализмо иштта лору, пачхьалкхийн юкъаметтиг чекхйолуш яц пачхьалкхан кхерамазаллин балан тӀехь, кхин а хуьлу юкъаметтигаш коммерцин фирмашкахула, кхолламашкахула, адамашкахула. Цуьнан тӀехьло, дуьненаюкъара юкъаметтигийн анархин системан меттана, юкъабалабо кхетам ДЮ системан боккха чолхе хӀоттам. Масала, цхьана пачхьалкхан киноиндустрихула таро ю яржо цуьнан оьздангалла дуьненан тӀехь — иза ду дуьненаюкъара юкъаметтигашкара оьздангаллин ницкъан гуш долу масала. Кхин цхьа хьекъале хӀума ду хӀокху теорера, массарна а пайда хир бу коопераци яхь а, вовшех дозуш а хилахь — иза машаран закъалт ду.