Top 10 similar words or synonyms for цхьайтта

анна    0.989477

джабраиль    0.987705

васт    0.987674

хуьйцу    0.987126

школаш    0.986651

мисар    0.986425

лета    0.986378

хьоьца    0.986331

къайлаха    0.986104

цаьрца    0.985480

Top 30 analogous words or synonyms for цхьайтта

Article Example
Юсуп "Юсупа элира шен дега ЯӀкъубе: «ХӀай сан да суна цхьайтта седа гира, малх а бутт а гира суна, сайн сужуд дан даьхкина».""Якъуба элира: «Дала гӀенаш тида Ӏамийна хьуна, цо шен къинхетам бийра бу хьуна а, Якъубан тӀаьхьенна а. Цхьана дийнахь лакхарчу даржехь хир ву хьо»."
Юсуп Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан цхьайтта ваша хилла. Юсуп хаза кӀант хилла. Юсуп хьекъале кӀант а хилла. Цуьнан дена Якъубан иза дукхавезаш хилла цуьнан массо вежарел. Цхьана буьйсанна Юсупана цхьа тамашийна гӀан гина. Цунна гина цхьайтта седа, цунна гина малх а, бутт а, уьш дерриг цунна сужуд деш хилла. Жима Юсуп чӀогӀа цецваьлла! Иза ца кхетта цу гӀенах, муха дийр ду седарчаша а, маьлхо а, батто а адамана сужуд? Жима Юсуп шен да Якъуб волчу вахана. Цунна дийцина цо и тамашийна гӀан. ХӀай сан дада! Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш. Цуьнан да Якъуб пайхамар хилла. Якъубана чӀогӀа хазахетта цунна гина гӀан бахьана долуш. Цо аьлла: Дала беркат дойла хьуна хӀай Юсуп, цхьа гӀуллакх хир ду хьан. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. Цхьа гӀуллакх хир ду хьуна. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена Исхьакъана, АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена ИбраьхӀимана а. Бакъдолуш, Цо ниӀмат дийр ду хьуна а, ниӀмат дийр ду Якъубан охӀланна а. Якъуб воккха стаг хилла, адамийн амалш евзаш хилла цунна. Хууш хилла цунна, шайтӀано толам муха боккху, шайтӀа адамаца ловза муха ловзу а. Цо аьлла: ХӀай сан кӀант,Хьайн вежаршка цхьаьнгга а ма дийцалахь и гӀан, цара хьагӀ лоцур ю хьоьца, мостагӀий а хир бу уьш хьуна. Вежарийн хьагӀ Юсупан кхин цхьа ваша хилла, цуьнан шен нанас вина, Биньямин цӀе а йолу. Якъубана и шиъ чӀогӀачу безамца везаш хилла, и шиъ санна цхьа а везаш ца хилла цунна.
Берлинан университет 1994 шарахь дуьйна университетехь ю цхьайтта факультет а, масех Ӏилманаш юкъара центраш а, институташ а. Университетехь дешар сийлахь хилла, иштта, масала, Ӏаьнан семестрехь абитуриентийн барам хилира 25 750 стаг 3 455 дешаран меттиган. Дешаран корпусаш Берлинан юккъехь, Адлерсгофехь, Берлинан къилбаседан декъехь ю. 14 % студенташ 100 сов пачхьалкхашкара бу. Дешаран мах 2008—2009 шеран Ӏаьнан семестрехь хилира 242,68 евро, оцу юкъахь новкъан билетан мах а бу.
Дудаев, Ӏабди Дудаевич Нохчийн поэт Дудаев Ӏабди вина Веданан районерчу Элистанжахь ахархочун Дудин доьзалехь. Исбаьхьа Ӏалам долчу ширчу нохчийн юьртахь дӀадахна Ӏабдин бералла. Деша ваххал хилча, шен дас хьуьжаре дӀавелла иза. Хьуьжарера ваьллачул тӀаьхьа, Ӏаьрбийн махка а вахийтина кхидӀа а дешийтина. Цхьайтта шо а даьккхина, цӀа веана Ӏабди. Дудин лиъна, шен кӀантах Ӏелам стаг хуьлийла. Ӏабдина а лиъна иза. Амма оцу хенахьлерчу социально-политически хьелашкахь кхочушхуьлийла дацара и лаам. Ӏабдин кхоллам новкъа бирзира.
Нохчийчуьра акхарой Ча Iай набарна дIаюьжу, шен бен чохь бIаьстаяллалц. Шен кога кIел мотт а хьоькхуш Iуьллу иза. Цундела цуьнан коган айраш дуткъало. Хьуьн чохь мохо орамашца бух доккхуш охьатоьхначу диттана кIелахь а, иза бухдаьккхинчу ор чохь а, йоккхачу дечиган хари чохь а бен а бой юьжу иза. Ча ара ца ялалуш хари чохь йисна карош меттигаш а хилла. Чоьхьа йолийла готта йоллушехь, гIоьртина, халла чоьхьаяьлчи хуьлуш ду цунна и. Ишттачу тIекхаьччи, таллархочунна хала дац ча ен. ТIе догIанан хиш Iийдалун меттиг ца еза чанна. Цундела дIайижа кечлуш, тIехь тхов болу меттиг лоху цо. Наггахь йолчо гIаш-генаш буха а дохкуш кIеда мотт буьллу. Наггахь ерг мотт а ца буьллуш, лаьттан цIенкъи тIе юьжу. Ча цхьаъ ша хуьлу хари чохь я кхоьчахьа, бинчу бен чохь. Итта-цхьайтта бутт кхаьчна кIорнеш елахь, шен кIорнешца юьжу иза Iаьнна дIа. Ча Iаьнна дIайижар Iаламан хьелашка хьаьжжина ду. Iа деха долчохь дукха Iуьллу юьжий, Iа доца долчохь кIезиг Iуьллу. Къилбехьа долчу мехкашкахь наггахь йолу ча Iаьнна цхьа кIеззигчу ханна юьжу. Къилбаседехь ча дукха Iуьллу южий. ХIунда аьлчи цигахь стомма ло дуьллу, тIаккха цунна бIаьста яллалц даа напгIа дац. Ижо цуьнга лаца ца ло, ткха даьхни наха шешан божлаш чохь Iалашдо. Бенара гIаьттича, йижна Iуьллуш тхьосделла дегI хеца долуьйтуш ча егало, лаьтта керча. Бакхду, башха иза йоккхаен хьелаш ца хуьлу цунна бйаьстенан йоьххьехь. Дешна дIадалаза долу ло. ГIа далаза йолу хуьн, хьалайалаза буц, боцу хьуьнан стоьмаш...