Top 10 similar words or synonyms for хьаннех

дезара    0.984564

жӏуга    0.980324

физически    0.979357

структурийн    0.977827

вирзина    0.977648

антикан    0.977378

йоцурш    0.977176

парадигмаш    0.976618

пенаш    0.976233

нисдан    0.976210

Top 30 analogous words or synonyms for хьаннех

Article Example
ТӀуьна тропикийн хьаннаш ТӀуьна тропикин хьун, Тропикан догӀанан хьун, Гиле́я — экваторан, субэкваторан (Хийцалуш-тӀуьна тропикийн хьаннаш), тропикан кӀошташкара тӀуьна климатера (2000—7000 мм йочанаш шарахь) биом, хьун. Уьш тропикийн хьаннех а, догӀанан хьаннех а уггар яьржина хьаннаш ю. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь дукха биокепаш ю. Иза дахаран дика Ӏаламан зона ю. Кхузахь ю дукха шайн, царна юкъахь эндемин кепара дийнаташ а, ораматаш а, ткъа кхин а кхелха дийнаташ.
Амазонка (хи) Хьаннех пайда оьцуш халлакхуьлу дукха кепара ораматаш а, дийнаташ а. ХӀинца наггахь бен ца хаало хешт "Ptesonura brasilensis". Къайлайовлу кепашна юкъадагӀна цӀен дитт "Rio Palenque" а, бразилин палисандр а, шех еза мебель ен, дика дечиг йолун дела.
Цийн Халкъан Республика Цийхь кхуьу 500 сов тайпана буто эрз, царах лаьтта шайолу хьаннех а 3 % хьаннаш. Буто эрзийн хьаннаш ю 18 провинцехь — уьш дукхахайолу акхарой еха меттиг хилла ца Ӏа, уьш механ беза гӀирс схьаболу меттиг а ю. Церан дечиг хилла чамхалгаш шуьйра лелайо промышленностехь.
Нохчийн Республика Ичкери Нохчийн Республика Ичкери — Къилбседа Кавказехь а йолуш, Европан къилб-малхбалехьар мохк бу. Къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбехьа Гуьржийчоьца, къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбседехьа юха а Российца дозанаш ду. Пачхьалкхан йерриге йоккхалла 17 600 км. Пачхьалкхан латта мехкан хьолаца лаьмнийн а, арен декъашка декъалуш ду. Уггаре лекха бохь Тебул-Мате лам (Тебулос-Мта) (4512м) лам бу. Махкахь дуккхах долу лаьмнаш юькъа хьаннех дойла ду. Коьрта хиш: Терк, Соьлжа, Орга, Ӏасса, Марта, Къоьвзанан Ӏам. Ӏаламан-лаьтта бахам: Мехк-даьтта, газ, деши, дети.
Нохчийчоьнан истори Ширачу заманах дуьйна нохчийн а, гӀалгӀайн а коьрта бахам латтлелор бара, лулара къилбаседакавказан къаьмнаш а санна. Лаьмнашкахь латталелор дукха къинхьегам оьшуш болх бара. Латта оханна кечдеш, иза мукъадаккха дезара кондарех, хьаннех, тӀулгех, нисдан дезара, гамаш тохаезара, хидиллархьама татолаш далодезара. Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а ломан кӀошташкахь терхьийн латталелор дара. Аренашкахь а, лаьмнашкахь а беха нохчий, гӀалгӀай, дукхах берш экстенсивни латталелош бара, гӀелделла оханан латта хийца а хуьйцуш. Цул сов, шайолу Къилбаседа Кавказехь санна, Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а ломан кӀошташкахь тархаш долчу дакъош тӀе латта кхоьхьура кхечу дакъош тӀиера.
ТӀуьна тропикийн хьаннаш Тропикийн хьаннаш Ӏаламехь хьовзадо дуьненан 28 % гергга кислород. Дукха хьолахь догӀанан тропикийн хьаннех «дуьненан пехаш» олу. Амма иза шадерг бакъ дац, хӀунда аьлча лелаш йолчу ойланца, уггар хьалха, алссам долу кислород доккху хӀордан планктон юкъара цианобактереш, шолгӀа, Ӏаламехь кислород хьийзаран процесс иза даккхарх тарделла. ТӀуьна тропикийн хьаннаш, кхин йолу хилла евлла хьаннаш санна, худа а худу, даккха а доккху цхьатерра барам кислород а, углерод а — дитташ даьккхина кислород дойу гӀаш а, дечиг а дахкалуш, цигахь Ӏаш йолу дийнаташ садоӀуш, кхин дӀа а. Цхьаболу талламчашна хета, дукхахйолчу догӀанан хьаннаша кӀорамусталлин газ йоккуш санна. Мухха делахь а, и хьаннаш лелайо йоккха роль кӀорамусталлин газ хьовзош, хӀунда аьлча царех углеродан яккхийчех йолу резервуараш хилла дера, иштта йолу хьаннаш хьаькхча совйолу дуьненан атмосферера кӀорамусталлин газ, цуо аьтту бо парникийн эффектан..
ТӀуьна тропикийн хьаннаш Тропикийн догӀанан хьаннашкара долу дечиг, юурган а, генетикан а, медицинан а гӀирсаш, пайден маьӀданаш. Кхузахь карийна чӀогӀа дукха Ӏаламан молханаш, цундера оцу хьаннех «"дуьненан жовхарш"» а, «"уггар йоккха дуьненан аптека"» а олу. Церан йоккха роль ю регионин климат кхолларехь, хӀунда аьлча уьш бахьанехь 50 % Ӏаламехь хи хьуьйзу транспирацица, цуо жигара кхуллу латта тӀехула мархаш, уьш йаккхий йо, юхадаладо хи йочанашца. Цул сов, тӀуьнчу климатехь тӀуналло конденсации йо боьхаллин микродакъошна тӀехь, цуо дика цӀандо хӀаваъ, иза дикачу агӀора атмосфера тояр ду. ТӀуьна тропикийн хьаннаш иштта шайна чухула чекхдолу хӀаваъ шелдаран роль а лелайо. Цундера тӀуьна тропикийн хьаннаш дуьненан экосистеман коьртачех ю, хьаннаш халлакъяро лаьттан эрози йо, флоран а, фаунан а кепаш лагӀйо, экологин баланс йохайо яккхийчу меттигашкара а, цуьнца шадолчу дуьненан а.