Top 10 similar words or synonyms for тӏелипан

ӏала    0.986845

кхойкхуш    0.984914

дахарах    0.984287

дӏ    0.983393

доӏа    0.983289

ӏутбатан    0.983209

ламазехь    0.982703

хӏашим    0.982485

сумайят    0.982076

потифаран    0.981211

Top 30 analogous words or synonyms for тӏелипан

Article Example
ПетӀимат бинт Ӏамр ПетӀимат бинт Ӏамру бин Ӏаиз бин Ӏимран бин Махзум аль-Къурашият () — Мухьаммад пайхамаран денана ю, Ӏабдул-МуттӀелипан зуда а, Абу ТӀелипан а, ӀабдуллахӀин а нана ю.
ПетӀимат бинт Асад ПетӀимат бинт Асад бин ХӀашим бин Ӏабд Манап () — Абу ТӀелипан зуда, Ӏелин нана а ю, Мухьаммад пайхамаран ненан метта хилларг ю, иза жима волуш дуьйна.
Ӏабдул-МуттӀелип Ӏабдул-МуттӀелип бин ХӀашим (, "Ӏабдул-МуттӀалиб") — къурайшин тукхаман куьйгахо ву, Хьарисатан а, Абу ТӀелипан а, ӀабдуллахӀин а да ву, Мухьаммад пайхамаран деда ву.
ДжаӀпар бин Абу ТӀелип ДжаӀпар бин Абу ТӀелип аль-ТӀаййар (‎‎; 589, Макка — 629, Муътат) — Абу ТӀелипан кӀант ву, Турпал-Ӏелин ваша, Мухьаммад пайхамаран шича а ву.
ПетӀимат бинт Асад Абу ТӀелипан зуда йоллушехь, цо кхиийна Мухьаммад пайхамар шен бераллехь, иза бобер хиллачул тӀаьхьа. Цо шен кӀант санна лелош хилла иза, а цо шен нана санна лоруш хилла иза.
ШиӀизмхой ШиӀизмхой, ШиӀиташ ( — "агӀончаш, лархой") — Ӏели ибн Абу ТӀелипан а, цуна тӀаьхьенна а исламан некъ бакъбина нах. Мухьаммад пайхамаран ислам дин бакъдина а нах бу уьш. И некъ дӀахьуш бу ГӀажарийчоьнан, Азербайджанан, Бахьрейнан, Ӏиракъан а, Ливанан а бахархоша.
Бахьира Мухьаммад пайхамаран бераллехь ма-хиллара, Бусрахь гина хилла Бахьиран Ӏаьрбо Мухьаммад, иза ша дуьххьара Къилбера Шема вахча, шен девешин Абу ТӀелипан махбаран ковраца. Мухьаммадан пӀендарш юкъахь пайхамар хиларан мухӀар гина хилла цунна, Абу ТӀелипе иза сихха Макка дӀа а виги, вочу хӀуманах ларве, аьлла.
Ӏели бин Абу ТӀелип Цуьнан йоккха-юьззина цӀе ю : Абуль-Хьасан Ӏела ибн Абу ТӀелип ибн Ӏабдул-МуттӀелип ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манап аль-Къураши. Иза вина раджаб беттан 13-чу дийнахь, гергга 600 шерахь, Маккахь, Бану ХӀашим тукхаман куьйгалхочун Абу ТӀелипан а, ПетӀимат бинт Асадан доьзалехь. Ӏелин да — Абу ТӀелип цхьана нанас вина ваша вара ӀабдуллахӀин, Мухьаммад пайхамаран ден.
Мухьаммад Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) геланча вина вахийтина хилла Ӏамр бин Умаййат ад-Дамурий, Эфиопин паччахь волчу, (цуьнан цӀе Асхьама ю, ткъа цуьнан маьӀна совгӀат бохург ду), тӀаккха цо Делан Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) кехат схьа а эцна, шен шина бӀаьрга тӀедиллина хилла, тӀаккха шен гӀанта тӀера охьа а воьссина, лаьтта охьа а хиъна, Бусалба дин тӀелаьцна цо, дика бусалба а хилла цунах. Делахь а, доьххьара цо Бусалба дин тӀелацар Абу ТӀелипан кӀантехула ДжаӀпарехула хилла. Нийса хьадисехь дийцина а ду, и веллачу дийнахь Пайхамара цунна тӀехь докъа ламаз дира аьлла. Цуьнан каш тӀехь саццаза нур хилара гуш олуш а ду.
Мухьаммад Мухьаммад пайхамар кхелхина шен кхузткъе кхо шо долуш. Кхузткъе пхиъ шо долуш аьлла а ду, кхузткъа шо долуш аьлла а ду, делахь а доьххьарниг нийсох ду. Оршот дийнахь кхелхина иза, малх дикка хьалабаьллачу хенахь, рабиӀуль-авваль беттан шийтта буьйса дӀаяьлча. Ши буьйса яьлча кхелхина аьлла а ду, рабиӀуль-авваль бутт болалуш аьлла а ду. Кхаарин буьйсанна дӀавоьллина иза. Шинарин буьйсанна воьллина аьлла а ду. Иза цомгаш лаьттина йолу хан шийтта де хилла. Дейтта де хилла аьлла а ду. (Цуьнан шичо) Абу ТӀелипан кӀанта Ӏелас а, цуьнан девашас Ӏаббаса а, Ӏаббасан кӀанта аль-Фадлас а, Ӏаббасан кӀанта Къусамас а, цуьнан азатхо хилла волчу Зайдан кӀанта Усамас а, Шукърана а лийчина хилла иза. Цаьрца цигахь хилла ансарех волу Хавлин кӀант Ӏавс. КӀайн кхаа кӀадийца марчо хьарчийна хилла цунна, царна юкъахь коч а ца хилла, чалма а ца хилла. Докъа ламаз цунна тӀехь бусалба наха хӀораммо ша цхьаъ волуш дина, хьалха ваьлла имам а воцуш. ДӀавуьжуш цо шена тӀетосуш хилла долу цӀен кӀадий бухадиллина хилла цунна (каш чохь). (Иза дӀавуллуш) цуьнан каш чу ваьлла хилла Ӏаббас а, Ӏела а, Фадл а, Къусам а, Шукъран а. Лахьтан тӀехула исс тӀулг хӀоттийна а хилла цунна. Ша Дала кхалхийначу меттехь, шен маттана уллехь дӀавоьллина иза. Шен хӀусамехь, Ӏаишат Ӏаш йолчу хӀусамехь каш даьккхина цунна, ор а доккхуш, цу чохь лахьта а доккхуш. Цул тӀаьхьа цуьнца цу чохь дӀавоьллина Абу Бакар а, Ӏумар а.