Top 10 similar words or synonyms for тӏелетира

эскарш    0.980911

харжамаш    0.979073

куьйгаллехь    0.977030

президентан    0.974625

дӏалаьцна    0.974304

дӏалецира    0.973966

кхочушдаран    0.973910

хаьржира    0.973320

долийра    0.972841

буьйлабелира    0.972123

Top 30 analogous words or synonyms for тӏелетира

Article Example
Нохчийчоьнан истори Гурахь Ханна кхоьллина Советан российн нуцкъаллин структурийн гӀоьнца кхоьллинайолу тӀеман вовшехкхетараллаш, Дудаевн Ӏедална дуьхала тӀемаш болийра. 1 сентябрехь правительствон эскарш (дудаевгхьаранаш) тӀелетира Халха-Мартана йистонашна, 5 сентябрехь цара халлакйира Устар-ГӀордойра Лабазанов Русланан тоба, ткъа 17 сентябрехь гуолецира Девкар эвлан. 27 сентябрехь правительствон эскарш тӀелетира Теркйистан кӀоштара оппозицина, оццу хенахь оппозицин тобанаш Хьалха-МартантӀиера Соьлжа-гӀалийн Черноречехьа тӀелетира, Текйистера эскарш юхадаха дийзира. 13 октябрехь дудаевгӀар тӀелетира Гихтан уллорчу оппозицин тобанан базина. 15 октябрех оппозицин эскарш шина агӀор Соьлжа-гӀалийн чудахара, цхан а дуьхьало а йоцуш, столицийн масех меттиган доладан буйлабелира, «400—500 метр» бен правительствон гӀишлошна гена боцуш. Амма цара сихха йитира Соьлжа-гӀала, шайн позицешка юхабирзина. Шен агӀора Дудаевс дӀакхайкхийра, гӀалийн чуйаьхкира "«Российн армин леррина кечйина тобанаш»" шайн бронетехникаца, артиллерийца, амма правительствон эскаршан атту белира уьш "«совцо, гуобан, халлакбан»". Ӏуьйранна 19 октябрехь правительствон эскарш бронетехникийн а, артиллерийн а гӀонца тӀелатадуьйладелира Хьалхара-Мартан кӀоштана а, Хьалхара-Мартанна а (цигахь яра оппозицин вовшехтохначу тӀеман ницкъийн куьйгалхочун Гантамиров Бисланан штаб-квартира) а, Девкар эвлана а.
Цийн Халкъан Республика 1931 шарахь гуьйрана Япон Цийн тӀелетира. 18 сентябрехь цхьа могӀа ямартлонаш йина японаш тӀелетира, йоццачу хенахь дӀалецира Манчжури. 1932 ш. мартехь кхузахь дӀакхайкхийра Маньчжоу-Го пачхьалкх, коьрте хоьттира тӀеххьара маньчжурийн Цин империн паччахь хиллаволу, Синьхайн революци йолуш дӀаваьккхина волу Айсиньгёро Пуи.
Халид бин аль-Валид Халид къурайшин тайпанах вара. Цкъа хьалха иза Мухьаммадан мостагӀ вара, Халид цунна тӀелетира Ухьудехь, 625-чу шарахь. ТӀаьхьа цо ислам тӀеийцира, «АллахӀан тур» — аьлла цӀе яхара цунна.
Умаров, Мовлди Абдул-Вахабович 1943 шеран 11 февралехь Умарован рота яра Скучарево юртан уллехь шайн меттиг ларъяш. ЧӀогӀа яккхи тоьпаш йиттинчултӀехь мостагӀаш тӀелетира. Умаровас немцойн улле тӀебахкита элира салташка. Цуьнан омарца салти немцойн тӀе герз детта болабелира. Хьалха богӀуш болу мостагӀи массо а хӀаллак бинера. Амма тӀаьхьа богӀучера окопаш чулелха ларийра. Мовлди, шен йина шиъ чов йолушехь, куьг лазина долушехь, салташ шена тӀаьхьахӀоттина тӀелетира немцошна. 100 сов мостагӀ хӀаллаквира оцу динахь, амма Мовлди ша а велира.
ОвхӀан мохк XVIII бӀешарахь ОвхӀанан мохк туркойн Сефевидийн Персийн импери юкъахь хилла. Перси гӀелъелча, масех гӀаттам а бича овхӀанийн кхолла аьтту белира цхьа могӀа элийн мехкаш — Кандагарийн а, Гератийн а. Кандагарийн элийн мохк бара Мир Вайсас кхоьллина пуштунийн Хотаки династин Ӏедал кӀелахь. шарахь овхӀанийн эскарш тӀелетира Сефевидана, кхин тӀе церан коьрта шахьар Исфахан схьа а яьккхира, амма тӀаьхьа иэшам хилира Надир-шахера.
ОвхӀан мохк XIII бӀешарахь регионан тӀелетира Чингисханан монголийн бӀо. ОвхӀан мохк юкъабахара Монголийн империн, оцу махкахь лаьттира Куртийн династин монголийн кӀелара пачхьалкх. ОвхӀан мохк Хулагуидийн пачхьалкх а, Чагатайн улус а олучу монголийн шина улусан дозанехь бара. XIV бӀешеран шолгӀа декъехь ОвхӀан мохк АстагӀа Тимаран империн юкъахь яра, ткъа иза велча кхузахь куьйгаллехь бара цуьнан тӀаьхьенаш, царех гӀараваьлларг моголийн Сийлахь Импери кхоьллина волу Къабулан эмир Бабур ву.
Нохчийчоьнан истори 1919 ш. февралехь Соьлжа-гӀалийчу делира инарла П.Врангелан Кавказан шайн лаамца вовшехкхатна эскар. Оцу баттахь цӀерапошт некъаца Соьлжа-гӀала кхечира Порт-Петровскера британийн эскаран шалон. 1919 ш. мартехь Соьлжа-гӀалахь болхбан болабелира Теркан гӀазакхийн Боккха Гуо. 1919 ш. сентябрехь Соьлжа-гӀалина тӀелетира нохчийн Советан Ӏедалехьа болу гӀаттамхой А.Шерипов куьйгаллехь а волуш. ТӀамехь Воздвиженски юьрта уллохь А.Шерипов вийра, амма 1919 ш. октябрехь гӀаттамхойн «ПаргӀатонан Эскаро» дӀалецира Соьлжа-гӀала.
Нохчийчоьнан истори ТӀом чекхбаьлчи цхьа могӀа нохчийн гӀаттамаш хилира. 1860 ш. герзашца гӀаттам хилира ломан Нохчийчохь, латтан къоьлла алсама йолчохь. Иза кӀизаллийца охьатаӀийра, цхьа могӀа эвланаш ягийра. 1864 ш. Ӏаьн заманахь масех эзар зикр олу муридаш гулбелира Шелан гӀопехь, российн Ӏедало лаьцна волу шайх Кунта-Хьаьжа араваккха бохуш. Шайна жоп ца делчи, уьш тӀелетира шаьлтанаш а, тарраш а бен доцуш, молхан тоьпаш оьшуш яц аьлла охьа а кхийсина. Российн эскарш дӀасалаьхкира уьш тоьпаш етташ. 1877 ш. оьрсийн-хӀункарийн тӀом бахьанехь Нохчийчохь а, ДегӀастанехь а боккха гӀаттам хилла, иза а къизаллийца охьатаӀийра.
Нохчийчоьнан истори Апрель чекхболуш российн эскаро дӀалецира Нохчийчоьнан шайолу ала мегардолуш акъарийн латта, цул тӀехьа федеральни эскарш кечам бан буьйлабелира «ломан тӀаманна». Российн агӀоно дӀакхайкхийра 28 апрелера 11 май кхаччалц тӀом сацабар. 12 майхь федеральни ницкъаш шуьйрра тӀелатар долийра ломан кӀажошкахь йолу кӀошташкахь: Веданан, Шуьйтан, ЭгӀаштан агӀорхьа. 3 июнехь дӀалецира Ведана а, Нажий-Юртан гонахьара локхаллаш а, ткъа 12 июнехь федеральни эскарийн куьйга кӀела яхара кӀоштан центарш Шуьйта а, Нажий-Юрт. Амма федеральни эскарш къилбехьа чу мелдоьда а, нохчийн тӀемлоша шайн ницкъийн цхьа дакъа дехьакхоьссира акъарий тӀе. Цул сов, хаъал алсамйевлира федеральни салташна а, Российн Ӏедалехьара болчу нохчийн хьалхелелошболчарна а йен къизаллин операци. Уггара йоккханиг царех хилира 14 июнехь нохчийн тӀемлоша Ставрополан крайхь Будённовскехь дарбанцӀа дӀалацар, 1996 шеран 9 январехь тӀемлойн тоба ДегӀастанан гӀалийна Г1изларна, тӀелетира аманаташ а лоьцуш.
Нохчийчоьнан истори Соьлжа-гӀала дӀалаьцначул тӀехьа Нохчийчохь, российн куьйгалхоша къобалйина республикан Ӏедалан меженаш, Ханна коьллина Совет а, Къам юхакхолларан правительство болхбан йолаелира. Аьхка хилира цхьа могӀа российн-нохчийн дистхиларш. Октябрь болалуш Къам юхакхолларан правительство председатель хилира хьалха Нохч-ГӀалгӀай Лакхарчу Советан хиллаволу председатель Завгаев Докка. 16-17 декабрехь Нохчийчохь Нохчийн Республикан Корта хоржуш харжамаш хилира, цигахь туьйлира Завгаев, цуьнгахьара 96,4 % кхаж а тесна. 1996 шеран 6 мартехь тӀемлой тӀелетира Соьлжа-гӀалин, гӀалин цхьа дакъа дӀа а лоцуш. Кхаа дийнахь тӀемаш бинчул тӀехьа, тӀемлойн тобанаша гӀала йитира, шайца дӀадаьхьира тӀехьалонна а дуург, молханаш, герзаш. 21 апрелехь российн леррина дакъоша Дудаев Джовхаран спутникан телефонан сигнал лаьцначул тӀехьа, иза вийра Су-25 олу российн кеманаш тӀиера ракеташ тоьхна. ШолгӀачу дийнахь НРИ-н Пачхьалкхан мохкларбаран кхеташоно дӀакхайкхийра Яндарбиев Зеламха президентан держан декхар кхочушдан хоттавар. Российн ТӀеман ницкъийн цхьаболу кхиамаш боллушехь, тӀом бахбелира. 27 майхь Москвохахь Ельцин Борисан а, Яндарбиев Зеламхан а, вовшехкхетар хилира, оцун жӀамӀ ТӀом сацабаран а, Нохчийчуьра тӀеман дов дерзоран некъаш лахар а болуш. 10 июнехь Несар-г1алахь рогӀаллин бартбаран мур дӀахьучухенахь барт хилира российн эскарш Нохчийчура арадахарехь (шиъ бригада йоцург), сепаратистийн тобанашкара герз дӀадаккхарехь, маьрша демократически харжамаш барехь. 1 июлехь нохчийн агӀоно кхайкхийра, российн куьйгалло бина барт кхочушцабо, Несарахь хиллачу бартаца дуьстича, мадарра аьлча цара блокпосташ дӀа цаяьхна. Масех де даьлчи нохчийн агӀоно кхерамтесира шаьш бартбаран процесс юкъара арадеврду аьлла. 8 июлехь инарла В.Тихомировс Яндарбиевга «факташ охьаяхка», 18:00 кхачале нохчийн агӀонехь волу массо а йийсархо юхаверзаве аьлла кхерам тесира, ткъа шолгӀачу дийнахь российн эскаро тӀом карлабаьккхира. 6 августехь нохчийн тӀемлой тӀелетира Соьлжа-гӀалин. Куьйгаллехь инарла Пуликовски волу российн гарнизоне, шайн дуккха а сов салтийн а, техникийн а ницкъ боллушехь, гӀала карахь латтацаелира. Цуьнца цхьаьна 6 августехь нохчийн тӀемлоша шайн каралецира Устрада-гӀала а, Гуьмсе гӀаланаш. 31 августехь НРИ ТӀеман ницкъийн Коьрта штабан хьаькаман Масхадов Асланан а, Российн Кхерамазаллин Советан председателан Лебедь Александран а куьгъяздан дийзира Хасу-Юртахь машаран бартан тептар тӀе, цуо чекхбаьккхира Хьалхара нохчийн тӀом. Бинчу бертан жӀамӀ дара федеральни эскарш Нохчийчура арадахар, ткъа республикан статусах дерг дӀатеттира 2001 шеран 31 декабре кхаччалца.