Top 10 similar words or synonyms for охьахууш

некъа    0.990142

northern    0.988946

никх    0.988929

пу    0.987463

котаман    0.985775

жуьктийн    0.985624

тlийра    0.985525

деъчи    0.985073

цхьаалла    0.984645

ховшуш    0.984462

Top 30 analogous words or synonyms for охьахууш

Article Example
Гинденбург (дирижабль) 1937 шеран 6 майхь, рогӀера трансатлантикан рейс чекхйоккхуш, Лейкхерстиера АЦШ тӀеман-хӀордийн ницкъийн хӀаваантӀома базехь () охьахууш, цӀеран кхераме долу водородах дуьзина долу «Гинденбургах» цӀе яьлла, охьадоьжна, тӀехье — велла оцу тӀехь хиллачу 97-х 35, лаьттара командин декъашхо а. Делахь а «Гинденбург» баларан барамца дац уггар доккханиг, и хӀаваан кема дохаро йоккха гӀовгӀа яьккхира.
Мухьаммад Цуьнан ден, цул тӀаьхьа ненан гӀарбаш хиллачу Умму-Аймана цӀа валийра Мухьаммад. ЧӀогӀа гӀайгӀане яра иза а, жима кӀант тӀаьхьа а вуьсуш, шен долахо елла бохуш. Мухьаммадан нана елча, цуьнан дедас Ӏабдул-МуттӀелипа ша волчу дӀавигира иза. КӀант кхиорна чӀогӀа саготта вара деда. Шен берел а дукхавезнера иза Ӏабдул-МуттӀелипна. ХьаьжцӀа (КаӀбат) чохь тӀе охьахууш цхьа жима куз бара цуьнан. И куз лоруш, дукха лерина ларбеш, берех цхьа а цу тӀе охьа ца хоуьйтура. Мухьаммадан шен дедеца дуккха а Ӏара цу куза тӀехь. Мухьаммадан девежарий оцу куза тӀера иза дӀаваккха гӀоьртича, Ӏабдул-МуттӀелипа цаьрга аьллера: „Витийша сан кӀант хиъна, ма хьийзавейша иза“.
Нохчийчуьра олхазарш Селаст ("Oriolus oriolus"). Оьрсаша селасатах «Иволга» олу. Боьршачу селасатан тӀемаш а, цӀога а зӀакара тӀера дуьйна бӀаьрга тӀе кхаччалц, дехьий, сехьий шиъ сиз а Ӏаьржа ду. Важа долу дегӀ къеггина можа ду. Стечу селасатан букъ, можа бос а бетталуш, баьццара бу. Чукъело, можа бос а бетталуш, кӀай ю, мокха тӀедарчий а долуш. Нилхочу хьуьн чохь а, стоьмийн бошмашкахь а хуьлу уьш. Селсаташ дӀай-схьай кхелхаш ю. БӀаьста яьлчи апрель баттахь, бовхачу махкара вай долчу схьайогӀу уьш, гурахь сентябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка дӀайоьлху. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а лела уьш. Лаьтта охьахууш, гӀиллакх дац церан. Цхьана дитта тӀера гӀевттича кхоьчу дитта тӀе ховшу уьш. Екар зевне ду церан. Цкъацкъа «чӀий-и-йкъ» «пӀаьв-плаьв» олий ека. Цкъацкъа «плю-тиу-лиу» бохуш ека. Бен дитта боьххьехь бо селасата. ХӀоьаш май-июнь баттахь до 3-4. Бос кӀайн бу хӀоьийн, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш.
Нохчийчуьра олхазарш ГӀарагӀулин яхар тундрехь хьаннашкахь а, буц-аренашкахь а лаьмнашка кхаччалц ду. Боьршан, стен шиъ цхьана хуьлу гӀарагӀули. Баннаш дечу хенахь гӀеранаш хуьлу церан. Хиш, Ӏаьмнаш долчу меттехь совцу уьш. Баннаш лаьттахь до цара бацах, кхин йолчу соьналлехь, оьрзалахь а, шач йолчу тоьлгашкахь а, диттан кондаршлахь а. ХӀоа шиъ до гӀарагӀулино, вайн цӀерачу котаман хӀоьан кепехь. Баьццаро бос а бетталуш, цӀиэ тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху цо. ЧӀогӀа ларлуш Ӏедал ду гӀарагӀулин. Адам аьттехьа гӀоьртича бенара гӀоттий дӀайоьду иза. ТӀома гӀаьттина йоьдучу хенахь дӀаяхйина гӀорта а, тӀиэхьаша дӀахецна ши ког а цхьана могӀара нисбо цо. Цундела хӀавао доьхьало яр кӀезиг ду. Баннаш дечу хенахь масех гӀарагӀули цхьана а кхетий рогӀ-роггӀана охьахууш, хьалагӀоттий кхиссалуш, тӀемаш охьа а охкадой маьхьарий хьоькхуш «хелхар» до цара. ГӀарагӀулин даар борц а, горох а, кӀа а, бецан хӀу а, бецан соьналлаш а, садолу хӀуманаш а, цхьацца акха стоьмаш а ду. Ал-басахь а, кӀай а, Ӏаьржа а хуьлу гӀарагӀулеш. Ӏаламан хазна еш уьш хиларе терра гӀарагӀулеш ларо декхар ду адамийн.