Top 10 similar words or synonyms for нкъшхк

дудаевс    0.984859

ламанхой    0.984649

хӏарон    0.982015

структурийн    0.980593

аманаташ    0.980313

масхадов    0.980220

дахаре    0.979833

позицеш    0.979461

беламе    0.979234

музыкальни    0.979088

Top 30 analogous words or synonyms for нкъшхк

Article Example
Нохчийчоьнан истори Октябрь болалуш НКЪШХК Кхочушдаран комитетан агӀорболчарний (Ахмадов коьртехь волуш) царан дуьхьалболчарний юкъахь (Чернов Ю. коьртехь волуш) дар-дацар хилира. 5 октябрехь иссаннах ворхӀаммо барт бира Ахмадов дӀаваккха, амма оццу дийнахь Къоман гвардис ХЛС болхбешдолу Профсоюзан цӀа а, республикан ПКХК-н (КГБ) гӀишло а дӀалецира. Цул тӀехьа цара лецира республикан прокурор волу Пушкин Александр. ШолгӀачу дийнахь НКЪШХК-н Кхочушдаран комитето "«кӀелдахуьла тешанбехке белхаш барна»" дӀасахийцира ЛХС, церан декхарш "«ша йолу Ӏедалан бакъонаш йолуш Ӏедал кхоллалц болу муьран революционни комитетан»" тӀедехкира. РСФСР-н Лакхара Советан Президиумо омар дира Дудаевгхьарачаьрга 9 октябрехь буьйса юккъеягӀалие герз охадилла аьлла. Амма НКЪШХК-н Кхочушдаран комитето и омар "«колониальни политика бӀаьшерашшана кечйина дуьненанюкъара масштабан харцо ю»" аьлла, г1азот кхайкхийра, 15 шарера 55 шо кхаччалц волчо герзаш схьаиэцар дийхира.
Нохчийчоьнан истори 1991 шеран 19-21 августехь хилла хиламаш республикера политически хьолан катализатор хилира. 19 августехь Вайнехан демократически партийн жигараллийца Соьлжа-гӀалийн юккъерачу майданехь йолаелира митинг российн куьйгалхошкахьара, амма 21 августал тӀехьа цуьнан лозунгаш "«путчисташна гӀодарна»" Лакхара Совет дӀаяккхар йара шен председательца, кхин а парламенте керла харжамаш бар а. 1-2 сентябрехь НКЪШХК (ОКЧН) 3-гӀа сессийно кхайкхийра Нохч-ГӀалгӀай Республикан Лакхара Совето шайн декхарш охьадехкина шадолу Ӏедал Нохчийчоьнан латта тӀехь НКЪШХК Кхочушдаран комитетан караделла. 4 сентябрехь дӀалецира Соьлжа-гӀалин телецентр а, Радион цӀа а. Соьлжа-гӀалин кхочушдаран комитетан председатель волу Дудаев Джохара дӀабийшира кхайкхам. Кхайкхамо бахара республикан куьйгалхой "«зуламхой, кхаъоьцурш, хӀазналаьчкъораш" бу, хаам бира "»5 сентябрехь дуьйна демократически харжамаш хиллалц республикера Ӏедал кхочушдаран комитетан а, кхин йолу демократически кхолламийн карадоьду"". Цунна дуьхьала Лакхара Совето кхайкхийра 5 сентябрехь буьсана 12 сахьт даьлчхьана 10 сентябре кхаччалц Соьлжа-гӀалахь чрезвычайни хьал хир ду аьлла, амма оцу юкъа ялх сахьт даьлчи Лакхара Советан Президиумо дӀадаьккхира чрезвычайни хьал. 6 сентябрехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан председатель волу Завгаев Докка даржера дӀавелира, . Масех де даьлча 15 сентябрехь хилира Нохч-ГӀалгӀайн Республикан Лакхара Советан тӀеххьара сесси, цигахь барт хилира Лакхара Совет дӀасахецар тӀехь. Керла Ӏедал хотталца кхоьллира Ханнайолу Лакхара совет (ХЛС), 32 депутатех лаьтташйолу, председатель хилира НКЪШХК-н Кхочушдаран комитетан председателан гӀовс волу Ахмадов Хьуьсайн. НКЪШОКЧН кхоьллира Къоман гварди куьйгаллехь «Исламан некъ» партийн корта Кантемиров Беслан волуш.
Нохчийчоьнан истори 1991 шеран 27 октябрехь Нохчийчохь президентан харжамаш хилира, толам баьккхира Дудаев Джохара, 90,1 % харжамхочо кхаж а тесна. 1 ноябрехь Дудаевс омар даьккхира «Нохчийн Республикан суверенитет кхайкхайарх», ткъа 2 ноябрехь РСФСР-н халкъан депутатийн гуламо къобал ца бира лакхарчу пачхьалкхан Ӏедале (Лакхара Совет) а, республикан Президентан а харжамаш. 8 ноябрехь РСФСР-н президент Ельцин Бориса куьг яздира Нохч-ГӀалгӀайчохь чрезвычайни хьал хотторан омар тӀехь. 10 ноябрехь НКЪШХК-н кхочушдаран комитето кхайкхам бира Российца йолу юкъаметтигаш дӀахадайие, ткъа Москохах «къоьллин зона» йие аьлла. ШолгӀачу дийнахь РСФСР-н Лакхара Советан сессино чекх ца далийтара чрезвычайни хьал даран омар. Оппозицин партийн кортош дӀакхайкхийра президент Дудаевга шаьш хьо а, хьан Ӏедал а къобалдо, шу Нохчийчоьнан суверенитет ларъеш ду аьлла. Ханнакхоьллина Лакхара Совето сацийра шен болх.