Top 10 similar words or synonyms for ненан

дацара    0.987974

лар    0.985389

хиллера    0.984870

хиларх    0.984172

цхьаболчу    0.984078

дас    0.983761

волчу    0.983256

майра    0.983125

дахаран    0.983108

делахь    0.983040

Top 30 analogous words or synonyms for ненан

Article Example
Ненан мотт Ненан мотт — буьйцучу маттаций бен цхьа а хӀума дийца йиш яц вайн. Историх, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках — доцца аьлча, цхьана а хӀуманах лаьцна хӀумма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча.
Ненан мотт Мотт вай Ӏама а бо, дахаран тӀаьххьара денош тӀекхаччалц, саццаза Ӏамо декхар а ду…»
Ненан мотт Мотт адамийн дахарехь ца хилча ца торуш юкъараллин нуьцкъала а, хьекъалан а гӀирс бу. Юкъараллин дахар а, къахьегар а бахьанехь кхоллабелла а, кхуьуш схьабеана а бу мотт. Адамийн дахар а, говзалла а, Ӏилма а, культура а — адамашна а, юкъараллина а оьшуш дерг дерриг а кхио гӀодинарг мотт бу. Мотт а, ойла а, кхетам а, хьекъал а чӀогӀа вовшех дозуш ду. Вешан ойла а, дагахь дерг а вай дӀадуьйцу маттаца. Мотт ойланан дегӀ ду, ткъа ойла меттан сурт ду.
Ненан мотт ХӀума хааран а, хӀуманах кхетаран а ойланах кхетам олу, ткъа адамийн дахарх а, къинхьегамах а, Ӏаламах болчу кхетамах хьекъал олу. Доцца аьлча, хьекъал хӀуманах вайн болу кхетам бу. Дуьненахь къаьмнийн меттанаш дукха ду.
Ненан мотт Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу гӀирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю. ХӀора халкъан ненан мотт — цуьнан дахаран хазна ю. Ненан мотт хӀора къоман а, хӀора халкъан а культурин бух бу. Иза кӀорггера дика Ӏамор вайн декхар ду.