Top 10 similar words or synonyms for маiаш

хьуьнан    0.991451

зӏенан    0.990849

пхьагал    0.990369

маӏаш    0.990283

дитта    0.990117

соьга    0.990062

хасстоьмаш    0.989364

ижу    0.989208

декар    0.989141

яхка    0.989132

Top 30 analogous words or synonyms for маiаш

Article Example
Нохчийчуьра акхарой Йоьхьанца къона маIаш тIехь ча болуш хуьла. МаIаш чIагIлуш кур кхиъна баллалц лаьтта и чо царна тIехь. Кур кхиъна баьлчи маIаш тIера охьадужу и кан.
Нохчийчуьра акхарой Къилбаседерчу стечу сайн маIаш хуьлу. Кхечанхьа долчийн уьш хуьлуш яц. ХIора шарахь кур бужу цуьнан а.
Нохчийчуьра акхарой Сен кур бужу хIора шарахь. Цуьнан меттана кхин кур хIуттуш яхъяла йолало маIаш. Кур бужу бIаьста март я апрель баттахь. Цу балхо эрча боккху сай. Цхьана баттахь лела иза оцу кепехь. Цул тIаьхьа хьалаяхло маIаш. Чохчам санна кIеда а йолуш, цIий лела пхенаш дуьзна гуш уьш йолчу хенахь хедийчи дарбанна дика ю.
Нохчийчуьра акхарой Царга таллар дихкина ца хиллехь кхин ткъех шо даьлчи наггахь бен карор яцара сайгак. Царна таллар дехкаро аьтту бина уьш дебийта. Казахстанехь сайгакийн яккхийра реманаш ю хIинца а. Ирча хьайба бу иза. ТIедаьлла ирча теран-дукъ ду цуьнан. Боьрша сайгак маIаш хиларо жимма куьце ялайо. Ткъа, сте сайгак маIаш а йоцуш ирча корта болуш ю. Мара лакхарчу балдех тIехбаьлла бу цуьнан. Ежачу хенахь мара хьалахабабо цо. БIаьра са а, лергийн само а дика ю цуьнан. Хьожанца а къастало цхьацца хьелаш. Бакъду, таллархойн кхерамах кIелхьара йовлийла дацара церан ларъелчи а, евдича а.
Нохчийчуьра акхарой Масарх оьрсаша "Серна" олу. Цуьнан дегIан дохалла I25-I35 см ю. Мунда йолочуьра локхалла 70-80 см. Йозалла 25-50 кг. Настарш лекха ю цуьнан. ГIорта еха ю, корта жима бу. ЦIога доца ду. Лергаш деха ду. МаIаш Iаьржа а нисса ирахъяхна, йоьхьигаш цIеххьана тIиэхьа йирзина а ю. Стечу масаран маIаш кегийро ю. Масаран бос таьIно хьаьрса бу. КIесаран кIог тIера букъ тIоьхула Iаьржа сиз доьду. Шина а агIор белаш тIера чукIела кхаччалц Iаьржа томмагIа ду цуьнан. ЧукIело мекханан басахь можа ю. Корта а, лаг а можа ду. Хьаьжаюккъера кIай а хеталуш. Лерга юххера дуьйна бета йисте кхаччалц Iаьржа шиъ сиз ду цуьнан дехьий, сехьий.
Нохчийчуьра акхарой Сайгак адамаш дIакхочучу меттера хIаллакьеш ю. Оханаш дечохь, тракторш, комбайнаш лелочохь сайгакаш хуьлуш яц. ХIинцачул 150 шо хьалха Польшехь а, Манголехь а хилла сайгакаш. Адамаш тIаьхьара дIа ца довлу царна. Жижиг, цIокарчий хилла ца Iеш, чIурамах терра ах сирла маIаш яра адамашна пайдехь. Китайн лоьрийн дарбанашкахь пайдехь лоруш ю уьш.
Нохчийчуьра акхарой ГIела таллархочун уггаре а мехала ижо ю. Китайцийн дарбанашкахь безчу мехала лору гIелан къона маIаш. Китайхь дешин мехха лоруш хилла уьш. Пржевальски волчу хенахь цхьана гIелан моIах деллачу ахчанах мачийттаетт я масийтта говр эцалуш хилла. Стомма дилх, чIогIа неI мехала хилла ца Iаш, гIелан панташ (I) а хилла иштта мехала.
Нохчийчуьра акхарой ГIелашна чуьркаш, горанаш ца еза. Къаьсттина керла маIаш йовлучу хенахь ца лало цаьрга оцу экамчу моIа тIе хиъначу чуьрко къовзор. Цундела уьш йовхачу хенахь чуьркаш, горанаш йоцчу ламанан даккъашка хьала доьлху. Цигахь шийла механ хIо хуьла. Иза чуьркашний, горнашний ца деза. Ламанан лахенанашца хин тогIешкахь, хин берда йистошца хуьлу церан сецарш. ХIунда аьлчи цигахь а хишца шийла хIо хуьлу.
Нохчийчуьра акхарой Ламанан акха бож дегIана йоккха ю. Коьртаца йогIуш шен барамехь ю цуьнан гIорта дукха юткъа а, томма а йоцуш. ДегIан дозалла 75-80 килограмм ю цуьнан. Когаш дукха лекха а бац, амма ницкъ болуш бу. Вайн цIахь хуьлуш йолчуьнан санна тIиэхьа йирзина яккхийра маIаш а, чIениг кIелахь маж а ю цуьнан. ЦIога доца ду. Газанан маIаш бежачул йоцийра а, юткъий а ю. Бос таьIIана цIиэ бу. Букъ тIоьхула Iаьржа арс боьду цунна, гIортан тIера цIоганна тIе кхаччалц. Изза томмагIа белшаш тIехь а ду. Корта жимма цIоьлла етталуш Iаьржачу басахь бу. Оцу бассахь ю маж а. ЧукIело кIайн ю. Лахара настаран даккъаш Iаьржа ду цуьнан, тIиэхьара бергашна тIе кхаччалц кIайн ду. ТIера цIока беха чо болуш морса ю.
Нохчийчуьра акхарой Доккхачу акха цицигах оьрсаша "Рысь" олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегI а долуш экха ду иза. ЦIога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегIан дохалла 80-100 см. ЦIога 20-30 см. Шина а агIор беснеш тIехь маж ю цуьнан. Лергаш тIехь ирах дахана чоьш ду, маIаш санна хеталуш. ТIера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. ЧукIело жимма сирла ю. Жимма Iаьржа тIедарчи ду цуьнан букъ тIехь а хенаш тIехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тогIешкахь хуьлуш ду акха цициг.