Top 10 similar words or synonyms for масхадов

жайнаш    0.986275

позицеш    0.984469

хӏарон    0.984256

вирзина    0.984144

цхьаберш    0.982426

уллорчу    0.981221

беркатан    0.980852

ойлан    0.980418

басаев    0.980351

нкъшхк    0.980220

Top 30 analogous words or synonyms for масхадов

Article Example
Масхадов И фамили йолу нах:
Масхадов, Аслан Алиевич 2005 шеран 8 мартехь ФСБс леррина йина опирацехь вина.
Масхадов, Аслан Алиевич Асла́н (Хали́д) Али́евич Масха́дов 1951 шеран 21 сентябрь, э. Шокай, Карагандан область, Казахийн ССР, СССР — 2005 шеран 8 март, Девкар-Эвла, Нохчийн Республика, Российн Федераци) — (1990-гӀа — 2000-гӀа шш.) Нохчийчохь хилла тӀеман жигара декъашхо, Нохчийн Республика Нохчийчоьнан тӀеман а, пачхьалкхан а гӀуллакхо. 1990-гӀа шарашкахь Нохчийн Республика Нохчийчоьнан ТӀеман ницӀкъаш кхуллуш дакъалецира, Российн Федерацин дуьхьала боьдуш хилла тӀеман куьйгалла дийра; 1997 шеран январь тӀера 2005 шеран март кхаччалц — Нохчийн Пачхьалкхан президент.
Масхадов, Аслан Алиевич Вина Казахийн ССРн Карагандан областан Осакарован кӀоштан Шокай цӀе йолу юьртахь. Иза ву Алларой тайпан.
Масхадов, Аслан Алиевич В 1957 шарахь (кхечу хаамашца — 1959 шарахь) вайнахан Сибреха цӀа бахка бакъо елчул тӀехьа Аслан шен хӀусамца Зебир-Юрта цӀа веъра. 1966 шарахь ВЛКСМ юкъа хӀоьттира. 1968 шарахь Лаха-Неврехь 10 класс чекх яьккхира.
Ахтаханов, Руслан Абуевич Цо кхоьллира Демократин хьалхатаӀаме парти. Оцу партис вовшахтуьхира лааме, дуьненан демократин пачхьалкх я лууш болу нохчийн юкъараллин гӀуллакхой. Доку Завгаев дарже кхаьчча парти оппозици елира. Аслан Масхадов ДПП цхьаболу гӀуллакхойн правительствехь цхьацца меттигаш елира.
Нохчийчоьнан истори Бутт сов лаьттира федеральни ницкъийн чубаьхкинчу тӀемлошца болу тӀом, чеккхе — тӀемлой ДегӀастанера Нохчийчу юхаберзабийзира. Нохчийчура ситуации доладан Масхадов ницкъ цахиларе терра, российн куьйгалло бартбира Нохчийчура тӀемалой халлакабан тӀеман операции ян. 18 сентябрехь чӀагӀйинайолу российн эскарийн подразделенеш дӀакъевлира ДегӀастан, Ставрополан мохк, Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь агӀонашкара российн-нохчийн доза. Российн авиацино дукха ракеташ а, бомбанаш а йиттира республикера тӀемлойн тӀеман лагершна а, чӀагӀонашна а.
Нохчийчоьнан истори 1997 шеран 27 январехь Нохчийчохь хилира президентан харжамаш, толам баьккхира, 59,1 % харжамхоша кхажтесначу Масхадов Аслана. Республикан Ӏедална а, шайна цхьацца кӀошташ дӀалаьцна Ӏашболчу эмирашна а юкъахь барт боцара, компромисс каръярхьама, Масхадов правительство юкъа гӀарабевлла оппозицин хьалхелелориш балуо гӀерта. 1998 шеран январехь эмир Басаев Шемал хоттийра Министрийн Кабинетан председателан декхарш кхочушдан. Кхин болу эмираш цалечкъош президентаца конфронтацие бахара. 20 июнехь эмир Радуев Салман вистхилира нохчашка республикан куьйгаллин жигара дуьхалойие бохуш, меттигерчу телевидениехь. ШолгӀачу дийнахь цуьнан агӀо хьаьжира телевидении а, мэрии а дӀалаца, амма тӀекхаьчна правительствон лерринайолу подразделенеш тасаелира цаьрца, оццахь кхелхира къоман кхерамазаллин гӀуллакхан директор Хултыгов Леча а, Радуевн тобан штабан начальник Джафаров Ваха. 24 июнехь Масхадовс Нохчийчохь чрезвычайни хьал кхайкхира. 13 июлехь Гуьмсехь исламан леррина Ӏалашо йолчу полкан эмиран Бараев Ӏарбин а, къоман гвардин батальонан эмиран Ямадаев Сулиман а юкъахь кхийсараш хилира, ткъа 15 июлехь Бараевн герзашцайолчу тоба тӀелетира Гуьмсен къоман гвардин батальонан казармашна. 20 июлехь президента Масхадовс шен омарца кхайкхийра ШариӀатан гвардии а, Исламан полк дӀасахецар.
Нохчийчоьнан истори 23 сентябрехь Басаев Шемалас а, Радуев Салмана а Ӏедал ницкъала дӀалацаран а, Конституци йохаяран а, шариӀат низам дохадаран а, арара политикан некъ Россегахьа хиларан бехк президентан тӀе а биллина, Масхадовга дарж охьадиллар дийхира. Цунна жоп луш Масхадовс Басаев Шемалан правительство дӀасахийцира. Оцу девн жамӀ президенто Соьлжа-гӀалин арахьарчу алсамдолчу лаьттан доладан йишцахилар дара. 1999 шеран 3 февралехь Масхадовс кхайкхийра Нохчийчохь «шариӀатан куьйгалла массо а хӀуманна тӀехь». Парламентера низамкхолларан бакъо дӀаяьккхира, ткъа лаккхара низамкхолларан меже хилира Шура — исламан кхеташо. Цунна дуьхьала Басаевс кхайкхийра ша коьртех а волуш «оппозицийн Шура» кхоллар. Масхадов Асланан некъан агӀорчарна («барамберш») а, «радикалашна» (коьртехь Басаев Шемал волу, оппозин Шура) а, юкъахь доьдуш дов долуш, нохчийн—дегӀастанан дозанехь хьал ирделира. Нохчийчохь тӀелаьцна волу ДегӀастанан вахьабитийн корта Кебедов Бахьауддин, нохчийн эмираш ахчанца, герзаца, гӀирсашца гӀо а деш, кхоьллира автономни тӀеман тобанаш, царна герз а, гӀирс а белира. Июнехь-августехь дуьххьарлера Ӏиттадаларш хилира ДегӀастане дехьа бевллачу тӀемлойн а, дегӀастанан милицин а, ткъа 7 августехь нохчийн-дегӀастанан ваххьабитийн вовшехтоьхна тоба куьйгаллехь Басаев Шемал а, Ӏарбийн тӀемло Хаттаб а волуш Нохчийчоьна агӀора чубагӀара ДегӀастане. 15 августехь Масхадовс Нохчийчохь чрезвычайни хьал кхайкхийра, ткъа шолгӀачу дийнахь Соьлжа-гӀалахь митингехь Российн куьйгалла бехкебира ДегӀастанера хьал кӀоршаме даккхарна.
Нохчийчоьнан истори Соьлжа-гӀала дӀалаьцначул тӀехьа Нохчийчохь, российн куьйгалхоша къобалйина республикан Ӏедалан меженаш, Ханна коьллина Совет а, Къам юхакхолларан правительство болхбан йолаелира. Аьхка хилира цхьа могӀа российн-нохчийн дистхиларш. Октябрь болалуш Къам юхакхолларан правительство председатель хилира хьалха Нохч-ГӀалгӀай Лакхарчу Советан хиллаволу председатель Завгаев Докка. 16-17 декабрехь Нохчийчохь Нохчийн Республикан Корта хоржуш харжамаш хилира, цигахь туьйлира Завгаев, цуьнгахьара 96,4 % кхаж а тесна. 1996 шеран 6 мартехь тӀемлой тӀелетира Соьлжа-гӀалин, гӀалин цхьа дакъа дӀа а лоцуш. Кхаа дийнахь тӀемаш бинчул тӀехьа, тӀемлойн тобанаша гӀала йитира, шайца дӀадаьхьира тӀехьалонна а дуург, молханаш, герзаш. 21 апрелехь российн леррина дакъоша Дудаев Джовхаран спутникан телефонан сигнал лаьцначул тӀехьа, иза вийра Су-25 олу российн кеманаш тӀиера ракеташ тоьхна. ШолгӀачу дийнахь НРИ-н Пачхьалкхан мохкларбаран кхеташоно дӀакхайкхийра Яндарбиев Зеламха президентан держан декхар кхочушдан хоттавар. Российн ТӀеман ницкъийн цхьаболу кхиамаш боллушехь, тӀом бахбелира. 27 майхь Москвохахь Ельцин Борисан а, Яндарбиев Зеламхан а, вовшехкхетар хилира, оцун жӀамӀ ТӀом сацабаран а, Нохчийчуьра тӀеман дов дерзоран некъаш лахар а болуш. 10 июнехь Несар-г1алахь рогӀаллин бартбаран мур дӀахьучухенахь барт хилира российн эскарш Нохчийчура арадахарехь (шиъ бригада йоцург), сепаратистийн тобанашкара герз дӀадаккхарехь, маьрша демократически харжамаш барехь. 1 июлехь нохчийн агӀоно кхайкхийра, российн куьйгалло бина барт кхочушцабо, Несарахь хиллачу бартаца дуьстича, мадарра аьлча цара блокпосташ дӀа цаяьхна. Масех де даьлчи нохчийн агӀоно кхерамтесира шаьш бартбаран процесс юкъара арадеврду аьлла. 8 июлехь инарла В.Тихомировс Яндарбиевга «факташ охьаяхка», 18:00 кхачале нохчийн агӀонехь волу массо а йийсархо юхаверзаве аьлла кхерам тесира, ткъа шолгӀачу дийнахь российн эскаро тӀом карлабаьккхира. 6 августехь нохчийн тӀемлой тӀелетира Соьлжа-гӀалин. Куьйгаллехь инарла Пуликовски волу российн гарнизоне, шайн дуккха а сов салтийн а, техникийн а ницкъ боллушехь, гӀала карахь латтацаелира. Цуьнца цхьаьна 6 августехь нохчийн тӀемлоша шайн каралецира Устрада-гӀала а, Гуьмсе гӀаланаш. 31 августехь НРИ ТӀеман ницкъийн Коьрта штабан хьаькаман Масхадов Асланан а, Российн Кхерамазаллин Советан председателан Лебедь Александран а куьгъяздан дийзира Хасу-Юртахь машаран бартан тептар тӀе, цуо чекхбаьккхира Хьалхара нохчийн тӀом. Бинчу бертан жӀамӀ дара федеральни эскарш Нохчийчура арадахар, ткъа республикан статусах дерг дӀатеттира 2001 шеран 31 декабре кхаччалца.