Top 10 similar words or synonyms for ломанхойн

аманаташ    0.987050

стерчий    0.983022

вайнаха    0.981778

бӏо    0.981136

ламанхой    0.978825

клеткийн    0.977939

даим    0.977778

тийсар    0.977651

структурийн    0.977592

ельцин    0.977235

Top 30 analogous words or synonyms for ломанхойн

Article Example
Нохчийчоьнан истори 1757 шарахь Чечанара дӀасакхехьийтар «карзахбоху кехаташ», цара кхайкхам бора ломанхошка герз кечдар доьхуш ломанхойн латташна тӀелеташ болу оьрсашна доьхьало ярхьама. ГӀаттамна цхьа бахьана дара ломанхойн элий вовшех девнаш латтадарна аренашкара нохчий резацахилар. Цун дуьхьал 1758 ш. российн инарла Фрауендорф новкъавелира 5—6 эзар стаг волу эскарца Нохчийчу вагӀа. 22 апрелехь российн эскарш йоццу штурмаца схьалецира Хенакхаьлла Ӏин, амма тӀехьа, цхьа а аьтту цахилла, Фрауендорфан юхаверзавийзира ГӀизларе, нийсса мукӀарло дира, гӀаттамхой «къар ца бели».
Нохчийчоьнан истори 1785 шарахь нохчийн Алды юьртара Ӏуьно Ушурмас кхайкхийра ша имам ву, шен цӀе ю Мансур аьлла, шен къоман юкъахь «цӀена», «бакъдолчу» динан тӀе юхадерзар, аскетически исламе дерзар, исламаца ца догӀу ломанхойн Ӏадаташ, гӀиллакхаш бухдахар, уьш шари1атца хийцар, Ӏадаташ лелочарний, оцул тӀехьа керстачарна (кхечу динехь болу ламанхой), тӀеххьара оьрсашна дуьхьал гӀазот («дела дуьхьа тӀом») кхайкхор. Боцачу муьрехь Мансур имам, шайх, цхьаболчара пайхӀамар хилар шуьйра тӀелецира, шегахьа дукха нах бехира Нохчийчохь хьов, уллохь йолу ГӀалгӀайчохь, ГӀебартчохь, ГӀумкехахь, Ломан ДегӀастанахь а. Нохчийчохь цӀеххьана маьждигаш, молланаш шарӀан суьдхой (къедий) алсамбевлира. Оьрсийн Ӏедало, динан-политикан гӀаттам шен орамехь халлакабан дагахь Алде «харц пайхӀамаран Ушурман» дуьхала ягӀийтира дукха йоккхайоцу тоба полковник Пиери куьйгаллехь волуш. Пиери аьтту байра: 1785 шарахь 6 июляхь, нохчийн кӀелон тӀенисйелла тоба шайерг халлакайира; ша Пиери кхелхира. Цул тӀехьа ягӀана таӀзарин экспедицино Алди юрт ягоро шайолу Нохчийчоь меттахъяьккхира. Шайх Мансуран агӀорхьарчара цхьа могӀа тӀелетарш дира Кавказан асан чӀагӀошна а, станицашна а. ЖамӀехь Мазалкера Бурийт1е кхаччалца йолу гарнизонаш Гуьржеха боьду некъ нохчийн агӀор тӀелетарх, къоланаш дарх ларбан а дедоцуш хилира. Оцу бахьанехь 1786 шарахь хӀинцца йоьгӀна гӀопаш (Потемкин, Григориполь, Владикавказ) йитира, гарнизонаш араехира асанаш тӀе. Нохчийчохь болабелла, гӀаттам 1787 шарахь дукха чӀогӀа баьржира Къилбаседа-Малхбузан Кавказера адыгашна юкъахь а, Кубань дехьа а. ХӀункара, оцу шарахь тӀом болийра Российца, Мансуран имам дарж тӀечӀагӀдира, гӀертара исламан байракх кӀелахь шайн тӀеман гӀуллакхаш ломанхойн гӀаттамхошца координации ян. Шайха Мансуран агӀорчаьрца а, царна гӀоьнна даьхкинчу османийн эскаршца а бечу тӀамо Российн дукха ницкъ дӀабаьккхира, дукха салтий халлак а хилира. Масех аьтту болуш тӀелатарш бахьанехь, ткъа коьртаниг — 1790 шарахь 30 сентябряхь инарлас Германа хӀункаран-ломанхойн тобанан куьйгалхо хӀункара паша Батал-бейна тӀехь, Кубань тӀехь толам баьккхира, ткъа Мансур шен тӀеххьарчу тобанашца къайлавелира Анапа гӀопахь. 1791 шеран 22 июняхь, российн эскарша Анапина штурм а йина схаяьккхича, шайх Мансур човйина волуш, лецира йийсаре, и Соловецки килсе араваьккхинчохь велара. Нохчийчохь гӀеххьа тӀом лагӀбелира, наггахь таӀзаран экспедицеш йогӀуш.