Top 10 similar words or synonyms for керташкахь

дилла    0.977292

корсамаш    0.976926

джирга    0.976230

хадижате    0.975490

нӏаьна    0.973378

пхьагалаш    0.972007

кхечарна    0.971865

юуш    0.971125

наб    0.970223

некха    0.969382

Top 30 analogous words or synonyms for керташкахь

Article Example
Бадруна гӀазот керташкахь бен. (Иза иштта дац хьуна данне а). Со ансарех олуш ву, царах жоп луш ву хьуна.
Нохчийчуьра акхарой Оьпанах оьрсаша "Хомяк" олу. Ялтийн аренашкахь, нехан хьаьжкIаш юьйчу керташкахь а хуьлуш ю оьпарчий. Оьпа билгал ю чукIело а, лога кIелхьара а Iаьржачу босахь хиларна. Букх хьаьрса бу цуьнан. Лерган яххаш, беснеш кIайн ю. ТIехьажарехь стомма а, партала а хетало иза. Амма иза партала яц, каде ю. Ялташна доккха зе до оьпарчаша. ОьгIазе а, майра леташ а ю оьпа. Лата адамана доьхьал а йолу иза. ОьгIазе дарлой, шок а етташ, цIийза а цIийзаш тIекхета иза стагана. ЖIаьла доьхьал нисделчи цунна хьалха тIе а кхетий, и кхера а дой, йолу оьпа кIелхьара. ТIекхетий цергаш чIогIа юхку цо. Уьш дIа-схьа ца йохуш, цергаш йоьхканчуьра дилх цосту.
Нохчийчуьра акхарой Пхьагалах оьрсаша "Заяц" олу. Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тогIеш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий Iуьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостагIчух кIелхьара ца йокху. Цуьнан мостагIий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чагIалкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, гIиргIанаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой жIаьлешца тIаьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан цIока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а кIелхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна я де, я буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь я тоьланашкахь. Ткъа пхьагал я буса а, я дийнахь а синтем болуш яц. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен жIаьлешца лорах тIаьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула тIехволуш Iадда юьжий Iуьллу. Варданца я машинашца дIа-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йогIий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.