Top 10 similar words or synonyms for йийсархо

NotFoundError    0.789

Top 30 analogous words or synonyms for йийсархо

Article Example
Кавказан йийсархо, я Шурикан Керла хилларг «Кавказан йийсархо, я Шурикан Керла хилларг» () — 1966-чу шарахь яьккхина йолу Леонид Гайдайн фильм ю. Коьрта ролехь верг Шурик (Александр Демьяненко) ву, кхиберш Балбес — Трус — Бывалый.
Бадруна гӀазот хезначул тӀаьхьа: «Йийсархо лаьцнарг, иза цуьна ву шуна».
ЦIен ЖIаран а, ЦIен Беттан а дуьненаюкъара болам 1916—1918 шерашкахь ЦӀен ЖӀаран дуьненаюкъара комитето зорбатоьхна цхьа могӀа поштан открыткийн тӀеман йийсархойн лагерашкара суьрташ долуш. Царна тӀехь дара йийсархойн денна а долу дахар, цаьрга цӀера кехаташ дар, кхин а. Дуьненаюкъара комитет гӀертара иштта тӀеман йийсархойн доьзалашна дегайовхо йита, церан гергарчу нехан хьолах лаьцна ца хуушдерг лагӀдан. ТӀом чекхбаьлчи ЦӀен ЖӀаро цӀехьа берзийра 420 эз. сов тӀеман йийсархо. 1920 шарахь дуьйна репатриацин Ӏалашонаш дӀаелира хӀинцца кхоьллинчу Къаьмнийн Лиган, цуо и болх кховдийра норвегийн дипломатан Нансен Фритьофан. ТӀехьа цуьнан бакъонан мандат шордира, цуьнан декхарш юкъа беира бевддалелачарна а, арабаьхначарна а гӀодаран болх. Нансен юкъадаьккхира Нансенан паспорт олушдерг, иза лора шайн гражданалла яйна бевддалелачарна. 1922 шарахь Нансенан къинхьегам билгалбаьккхира Нобелевн дуьненан преми.
Нохчийчоьнан истори Гребенски гӀазакхий дуьххьара Ӏиттабелира лулахой-ламанхой даьхний, я кхин хӀонц, я йийсархо, шайха лайш бан, я мехах юхабала Ӏалашо йолуш тӀелатарца. Оцо девнаш латтадора, дов луьстуш гӀазакхий нохчийн эвланашна тӀелетара юрташ халлак а йеш. Иштта доллушехь, XVI—XVII бӀешерашкахь гӀазакхийн а, нохчийн а юкъаметтиг гӀеххьа машарехь латтара: царна юкъахь йохк-иэцаран зӀенаш шорлора, доттагӀаллаш тийсалора, гергарлонаш тасаделла меттигаш а яра. ГӀазакхаша схьаийцира нохчашкара а, кхин ломан къаьмнашкара а духаран, герзан сипаташ; рогӀехь, нохчаша тӀеийцора гӀазакхашкара цхьадолу белхан гӀирсаш. Нохчий гӀебартлошца а, Теркан гӀазакхашца цхьана тӀом бира ГӀирман ханийн пачхьалкхана а, Ӏосманан империна а, Персина а дуьхьал.
Жеребцова, Полина Викторовна ТӀеман дневникашца йолу меттигаш ша-тайпана хуьлу, хӀунда аьлча, цу хаамийн гӀуртехь дукхахдерг ца дуьйцу, ткъа дуьйцург цхьана а ца догӀу. Амма, бехк, йа бахьана доцуш, цхьа ша кхолламан лаам хилла цу тӀеман йийсархо хиллачу адамо йина терго чӀогӀа мехала хуьлу,- цаьрга гайтало бакъдолу сурт хуьлушдолчух. Иштта масал хилла дӀахӀоьттина литературехь нохчийн «Дневник Жеребцовой Полины» (М.: Детектив-пресс, 2011), цуьнан араялар чӀога билгале гӀуллакх хилла. Тептар шеко йоцуш бакъ йолу дневник ю, иза язъйина Соьлжа-гӀалара яхархочо Полина Жеребцовас, жимха йолчу 1999—2002 шерашкахь, шолгӀа нохчийн тӀом уггар марса баьллачу хенахь. Цхьацца долу дневникан дакъош арадевлира зорбанехь хьалхо а (масала, церах 2006 шарахь Полинас Иерусалимера Яноша Корчака цӀарах литературни совгӀат ийцира), делахь а, ерриге дневник арахеца цу хенахь аьтто ца хилира, хӀунда аьлча, цхьа а издательстваш «Нохчийчуьра бакъдерг» тӀелаьца а, йа арахеца а ца хӀиттара.
ЦIен ЖIаран а, ЦIен Беттан а дуьненаюкъара болам Дуьненан хьалхара тӀом болалуш ЦӀен ЖӀаран дуьненаюкъара комитет Ӏоттаелира чолхечу гӀуллакхех, цуьнца лара ца елира къаьмнийн юкъараллийн гӀоьнца бен. Европан пачхьалкхийн медицинана гӀоьнна баьхкира шадолу дуьнен тӀиера ЦӀен ЖӀаран белхалой, царна юкъахь АЦШ а, Япон а. 1914 шеран 15 октябрехь, ЦӀен ЖӀаран дуьненаюкъара комитето кхоьллира ТӀеман йийсархойн гӀуллакхийн дуьненаюкъара агентство, 1914 шо чекхдолуш цигахь болхбеш вара 1200 стаг, дукхахберш волонтераш. ТӀом чекхболуш Агентствос дӀасадахьийтира 20 миллион сов кехат а, хаам а, 1,9 миллион совгӀат, 18 млн швейцарин франк сагӀа гулдина. Агентствон гӀоьнца 200 эз. гергга тӀеман йийсархочун цӀехьа воьрзийла хилар йийсархой хийцар бахьнехь. 1914—1923 шерашкара Агентствон картотекехь 7 миллион сов йийсархойн а, тӀепаз байначеран а карточка дара. Оцу каталого гӀодира 2 млн сов тӀеман йийсархо вовзийта, гергарчаьрца уьйр таса таро елира. ХӀинца и каталог ю женеван ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненаюкъара музейхь. Каталог лелоран бакъо дозатоьхна ю.
Нохчийчоьнан истори Соьлжа-гӀала дӀалаьцначул тӀехьа Нохчийчохь, российн куьйгалхоша къобалйина республикан Ӏедалан меженаш, Ханна коьллина Совет а, Къам юхакхолларан правительство болхбан йолаелира. Аьхка хилира цхьа могӀа российн-нохчийн дистхиларш. Октябрь болалуш Къам юхакхолларан правительство председатель хилира хьалха Нохч-ГӀалгӀай Лакхарчу Советан хиллаволу председатель Завгаев Докка. 16-17 декабрехь Нохчийчохь Нохчийн Республикан Корта хоржуш харжамаш хилира, цигахь туьйлира Завгаев, цуьнгахьара 96,4 % кхаж а тесна. 1996 шеран 6 мартехь тӀемлой тӀелетира Соьлжа-гӀалин, гӀалин цхьа дакъа дӀа а лоцуш. Кхаа дийнахь тӀемаш бинчул тӀехьа, тӀемлойн тобанаша гӀала йитира, шайца дӀадаьхьира тӀехьалонна а дуург, молханаш, герзаш. 21 апрелехь российн леррина дакъоша Дудаев Джовхаран спутникан телефонан сигнал лаьцначул тӀехьа, иза вийра Су-25 олу российн кеманаш тӀиера ракеташ тоьхна. ШолгӀачу дийнахь НРИ-н Пачхьалкхан мохкларбаран кхеташоно дӀакхайкхийра Яндарбиев Зеламха президентан держан декхар кхочушдан хоттавар. Российн ТӀеман ницкъийн цхьаболу кхиамаш боллушехь, тӀом бахбелира. 27 майхь Москвохахь Ельцин Борисан а, Яндарбиев Зеламхан а, вовшехкхетар хилира, оцун жӀамӀ ТӀом сацабаран а, Нохчийчуьра тӀеман дов дерзоран некъаш лахар а болуш. 10 июнехь Несар-г1алахь рогӀаллин бартбаран мур дӀахьучухенахь барт хилира российн эскарш Нохчийчура арадахарехь (шиъ бригада йоцург), сепаратистийн тобанашкара герз дӀадаккхарехь, маьрша демократически харжамаш барехь. 1 июлехь нохчийн агӀоно кхайкхийра, российн куьйгалло бина барт кхочушцабо, Несарахь хиллачу бартаца дуьстича, мадарра аьлча цара блокпосташ дӀа цаяьхна. Масех де даьлчи нохчийн агӀоно кхерамтесира шаьш бартбаран процесс юкъара арадеврду аьлла. 8 июлехь инарла В.Тихомировс Яндарбиевга «факташ охьаяхка», 18:00 кхачале нохчийн агӀонехь волу массо а йийсархо юхаверзаве аьлла кхерам тесира, ткъа шолгӀачу дийнахь российн эскаро тӀом карлабаьккхира. 6 августехь нохчийн тӀемлой тӀелетира Соьлжа-гӀалин. Куьйгаллехь инарла Пуликовски волу российн гарнизоне, шайн дуккха а сов салтийн а, техникийн а ницкъ боллушехь, гӀала карахь латтацаелира. Цуьнца цхьаьна 6 августехь нохчийн тӀемлоша шайн каралецира Устрада-гӀала а, Гуьмсе гӀаланаш. 31 августехь НРИ ТӀеман ницкъийн Коьрта штабан хьаькаман Масхадов Асланан а, Российн Кхерамазаллин Советан председателан Лебедь Александран а куьгъяздан дийзира Хасу-Юртахь машаран бартан тептар тӀе, цуо чекхбаьккхира Хьалхара нохчийн тӀом. Бинчу бертан жӀамӀ дара федеральни эскарш Нохчийчура арадахар, ткъа республикан статусах дерг дӀатеттира 2001 шеран 31 декабре кхаччалца.