Top 10 similar words or synonyms for дӏ

дахарах    0.987383

лейла    0.985495

молла    0.985337

мозгӏар    0.984793

тӏелипан    0.983393

салам    0.983118

ӏали    0.983006

махьмуд    0.982132

дешнийн    0.981701

воккханиг    0.981381

Top 30 analogous words or synonyms for дӏ

Article Example
Барта кхолларалла Вайнехан халкъан исбаьхьаллин культуран мехала дакъа ларало. Вайн халкъан ширачу заманахь хиллачу Ӏер-дахарах, цуьнан лехамех, психологех лаьцна йозанан а, кхин долу а тоьшаллаш къен хиларе хьаьжча, барта произведенешкахь хаалуш долу генна хьалха дӀадаханчуьнан зов шена тӀе тидам бохуьйтуш ду. Цунна, Ӏилманан лехамашка диллича, ондда тӀетовжа йиш яцахь а, амма бӀешерашкахь халкъан синкхетам, гӀиллакх-оьздангаллин институташ и. дӀ. кх. кхуьуш, заманан йохаллехь хийцалуш схьа муха еана боху маьӀна дан таро ю. И мехала гӀуллакх гуттар тидамехь латтадора оха хӀара книга вовшахтухуш. Цундела хӀокху сюжето ешархо цец воккхур ву аьлла, иза хьалха а ца йоккхуш, цуьнан лергана аьхна хир яц аьлла, тӀаьхьа а ца тоттуш, цо тӀекхуьучу тӀаьхьенна хьалха дӀадаханчун мелла а суртхӀоттор ду боху илли, шира дийцар, кица, хӀетал-метал, халкъан тидам юкъа балийна оха. И Ӏалашо мелла а юьззина кхочушъян гӀертарца доьзна ду хӀокху юкъа массо а аьлла нохчийн фольклоран жанр шуна йовзийта гӀертар а. ХӀокху гуламна юкъа мел яхана барта произведени дуьххьара дӀа а язйина, дуьххьара зорбане ара а йоккху боху хӀума мел деза хеттехь а, цунна тӀе а ца гӀиртина тхо. Ешархочун синкхетам «самабаккха», цуьнан шен халкъан культуран мехаллех дозалла дан таро йолу некъ шорбан Ӏалашо йолу хӀинцалца зорбане арайийла, я цхьацца бахьанехь арайийла йиш йоцуш лаьттина хӀумнаш шуьйра юкъаялийна оха, цкъа делахь, уьш карла а евр ю, шолгӀа делахь, церан эстетически шовкъо кхин цкъа а мехала тӀеӀаткъам а бийр бу аьлла.