Top 10 similar words or synonyms for декаран

NotFoundError    0.789

Top 30 analogous words or synonyms for декаран

Article Example
Нохчийчуьра олхазарш Деха цӀога а долуш, готтий тӀемаш а долуш, лечанах тера гӀиргӀа ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чукӀело сирло ю, ал тӀедарчий а долуш. Декаран аз иштта ду: «кии-е!» я чахко "ки-ки-ки-ки! "
Нохчийчуьра олхазарш ЦӀир-цӀир — (en. "Luscinia"), (оьрсаша «"Соловей"» олу). Цуьнан бос таьӀна мокха бу. Иза хуьлу хьаннашкахь, бошмашкахь, хин тогӀешкахь, хиш долчу меттехь. ДегӀ вукха хьозанчулла бен дац цуьнан. ЦӀога дехо ду. Декаран аз хаза ду. Бен лаьттахь бо цо. ХӀоьаш 4-5 до май-июнь баттахь. Цуьнан хӀоьаш ал бос болуш хуьлу.
ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа — (en. "Honey Buzzard"), (оьрсаша «"Осоед"» олу). Деха цӀога а долуш, готтий тӀемаш а долуш, лечанах тера гӀиргӀа ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чукӀело сирло ю, ал тӀедарчий а долуш. Декаран аз иштта ду: «кии-е!» я чахко "ки-ки-ки-ки! " Европехь хьаннаш йолчу меттехь а, буц аренашкахь а, Малхбузехьа Сибрехахь а, Жимчу Азехь а вайн лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а ду и тайпа гӀиргӀанаш. Баннаш лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Май бутт болалуш до цара баннаш, шен гӀашца схьадаьхначу диттийн маргӀалех.
Нохчийчуьра олхазарш ЧӀегӀардигах тера ду иза. Лог-кӀело кӀайн ю цуьнан. Ша мокхо бос бетталуш Ӏаьржа. Азехь Ӏаш 4 тайпа (Hemiprocnidae) йа дечиг дитташ тӀехь Ӏаш долу Дурглеш ду, (Apodidae) — 74 тайпа даьржина ду массанхьа, шийла меттиг йоцучехь. Уьш ду декъалуш, цхьадерш тӀема а довле дӀадоьлхурш ду, амма йох елча йуха схьадогӀу. ТӀе хьаьжча чӀогӀа чӀегӀардигех тера а ду уьш. Дахар хьаннашкахь, есачу аренашкахь, гӀаланашкахь, ярташкаадамаш дехачу кхин йолчу меттигашкахь ду. БӀаьста бовхачу махкашкара схьадогӀу дурглеш, гурахь цига юха кхелха уьш. Баннаш дар яккхийрачу гӀеранашца ду церан. Баннаш дечигийхаранаш чохь а, тӀулга даккъийн херонашкахь а, саз-лаьттан бердах а хуьлу церан. Тойна июнь баттахь доккху. ХӀоа 2-3 хуьлу. Дадар чехка ду, чехка тӀемаш а детташ. Декаран аз «виз…виз-з-з» бохуш ду. Мозий, чуьркаш йоу цара, дойдда доьлххушехь хӀаваэхь схьа а лоьцуш. ЦӀога чӀерачух тера шалгу доьрзуш хаьдда ду. ТӀемаш марс санна чоьхьа хьаьду. Цара садолу хӀумнаш юу дела пайдехь лерина уьш.
Нохчийчуьра олхазарш Деха цӀога а долуш, деха тӀемаш а долуш, кхокханал жимо мокха хьоза ду вайн махкахь хуьлуш. ТӀера мас нилха а, кӀеда а ю цуьнан, когаш боций, бӀаьргаш баккхий бу. ЗӀок йоца ю, бат шуьйра ю цуьнан. ЗӀакара юххехь шина а агӀор ча санна юткхий месаш ю. Буьйсанна ду цуьнан кхарстар, лелар. Дийнахь диттан гаьн тӀехь, я лаьттахь Ӏадда хоий Ӏа иза. Коьрта тӀехь а, белаш тӀехь а, дегӀан дохалла а Ӏаьржа могӀанаш ду цуьнан. Дахар хьаннашкахь, буц-аренашкахь, лаьмнашкахь ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. ДӀай-схьай кхелхачу хенахь гӀеранаш хуьлу церан. Баннаш лаьттахь до цара буха хӀума а ца тосуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. ХӀоа 2 хуьлу цуьнан сирчу басахь, беса тӀедарчий а долуш. ТӀома дадар раз лелхаш, хьийзаш ду, «кувык, кувык» бохуш ду цуьнан декаран аз. Буьйсанна полларчий а, чуьркаш а кхин йолу садолу хӀуманаш а йоу цо, дедда доьддушехь хӀаваэхь схьа а лоьцуш.
Нохчийчуьра олхазарш Дахар ламанан лахенашкахь, аренашкахь, хин бердан йистошкахь, хинтогӀешкахь, боьранашкахь, баьрзнашкахь ду церан. ЖӀаьлин-къоьргаш дукха ю. БӀаьста яьлчи апрель баттахь Къилбехьарчу бовхачу мехкашкара схьайогӀу уьш, гурахь цига юха дӀакхелха. Баннаш дар гӀеринашца ду. Баннаш берд охкуш доху цара. Дукха хьолехь бердан лакхарчу чкъурах доху цара Ӏуьргаш. Цхьа метар ца кхоччуш кӀорга цу охку жӀаьлин-къоьрго. ТӀ аккха кӀеззиг охьаохкий, горга ор доккху. Цу чу бецан хаьлгаш, месаш йохкуш мотт кечбо. 5-8 кӀай хӀоа до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Дадар чехка а, атта а ду. ГӀеранаш йой лела уьш. ЗӀенан сераш тӀе а дечиган декъачу генаш тӀе а ховшу уьш. Декаран аз терсаш ду. «Къорг-къорг» бохуш. ХӀаваэхь едда йоьддушехь лоцу цо садолу хӀума, чуьрк а, моз а. Накхараш лелочарна зенаш до цара. Уггаре а церан мерза даар накхаран мозий ду.