Top 10 similar words or synonyms for дезара

пенаш    0.987559

дийцаршкахь    0.984567

хьаннех    0.984564

жӏуга    0.984489

нахе    0.983912

басаев    0.983591

структурийн    0.983411

хьоршам    0.983333

бӏаьшарахь    0.983320

хӏарон    0.983168

Top 30 analogous words or synonyms for дезара

Article Example
Мухьаммад Цо цкъа а ца йина, шен нийсархоша санна, сакъера дезара ша боху ойла. Иза даима воккхавеш хилла Ӏаламан хазаллех, сийначу, цӀеначу стигалх, дуьненан Ӏаламатех, хӀокху дуьнен чохь долчу вахарх.
Нохчийчоьнан истори Ширачу заманах дуьйна нохчийн а, гӀалгӀайн а коьрта бахам латтлелор бара, лулара къилбаседакавказан къаьмнаш а санна. Лаьмнашкахь латталелор дукха къинхьегам оьшуш болх бара. Латта оханна кечдеш, иза мукъадаккха дезара кондарех, хьаннех, тӀулгех, нисдан дезара, гамаш тохаезара, хидиллархьама татолаш далодезара. Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а ломан кӀошташкахь терхьийн латталелор дара. Аренашкахь а, лаьмнашкахь а беха нохчий, гӀалгӀай, дукхах берш экстенсивни латталелош бара, гӀелделла оханан латта хийца а хуьйцуш. Цул сов, шайолу Къилбаседа Кавказехь санна, Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а ломан кӀошташкахь тархаш долчу дакъош тӀе латта кхоьхьура кхечу дакъош тӀиера.
Вайнехан бӀаьвнийн архитектура ЦӀенкъа юккъехь тӀулгийн кхерч хилла. Кхерч бора гонаха тӀулг боьттина гоьрга экъана тӀехь. Яй хоттабора очакхан (эчиган кхоког) тӀе. КӀур корехула араболура. Кхузахь доьзало кхача кечбора, кхача баара, садаӀара. ТӀехьуо кхерч хийцира пенаца хотточу товхица. Амма кхерчан меттиг а, яй уллу зӀаь а нохчаша а, Кавказан кхечу къаьмнаша а чӀогӀа сийдеш йара. Кхерчца дуй баара, зӀен тӀехьакхвелла чӀирхочун чӀира йитаезаш йара. Кхерча уллохь дина къола чӀире кхаччош юьхьъягор дара. Кхерча нехаш кхийса мегаш дацара. Чоь цӀанйеш нехаш кхерча тӀийра дӀахьакха езара, кхерча тӀе цамагадора. Дууш дисина бепиган цуьргаш кхерчахь йогучу цӀерга кхийса дезара.
Гинденбург (дирижабль) LZ 129 доккха даран бахьана дара иза лелош йолу газ гелий лело кечамбар, цуо хийца дезара хьалха лелош хилла атта цӀе леташ долу водород. Дуьххьал дуьйна кема дар лерина дара водородан цеппелин хийца гӀарадаьлла долчу LZ 127 «Граф Цеппелинца», амма иза чекх ца даьккхира британин R101 дирижаблан катастрофа хиллачул тӀехьа, цигахь кеман тӀехь хиллачех 48 стаг велира 54 стагах, бахьана дӀаихина водородах цӀе ялар дара. Оцу хенахь гелий латториг АЦШ бен яцара, цигахь экспортан эмбарго ("Helium Control Act" 1927 шеран). ТӀаккха а, 1929 шарахь и гӀуллакх КӀайчу цӀачохь АЦШ президентаца дуьйцуш хилла волчу Эккенер Хугос, дирижаблан план хоттош гелий хира ду аьлла хеташ вара. Германехь Ӏедале ТӀеман гӀирсашна тергаман къоман совет () еачи экспортан эмбарго дӀа ца яьккхира. ЖамӀ — «Гинденбург» водород тӀедаьккхира.
Нохчийчоьнан истори Уггара а шира долчу даьхнийлелорцаний цхьана могӀара, беркате а, кхиам болуш а бахаман отрасль яра нохчийн а, гӀалгӀайн а уьстагӀийлелор. УьстагӀашна тӀехь Ӏуьнал кӀезга дезара, бежнашна тӀехь чулла а, хӀоъ хоьржуш дацара, уьш ломан басеш тӀехь а дажадора. Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а хьолехь уьстагӀий леладора ломан кӀажошкахь, акъарехь, ломахь а, лекхаломахь а. Нохчаша а, гӀалгӀаша а акъари тӀиера ломанхошца, луларчу къаьмнашца уьстагӀий хуьйцура бамбийн кӀадешца, басмашца, кисешца, цӀестан а, эчиган а пхьегӀашца, бахаман гӀирсашца, туьханца, ялтийца, кхин дӀа а. Оцу муьрехь чӀогӀа даьржинера чергазийн а, гӀолмакхийн а хӀуьн уьстагӀий. Оьрсийн мухажирашкара теркан а, гребенски гӀазакхашкара схьаэцна, нохчаша а, гӀалгӀаша а леладора муьжгийн уьстагӀий, мелла а дорах долу аренан уьстагӀий а. Цул сов, ламнашкахь а, акъарехь а нохчаша а, гӀалгӀаша а дукха гезарий лелайора.
Обарг 1910-гӀа шерашкахь хилла уггар гӀарабевлла кавказан обаргаш. Уьш лела меттигаш охьаевлла гӀаланашка, аренашка а, ломан кӀажошка а охьакхелхинчу яккхийра ярташка, амма къайлабовлура уьш ломахь. Оцу хенахь обаргаш юкъагӀерта буьйлабелира ломан юкъараллин экономикан а, динан а гӀуллакхашна. Юьртийн а, округан а Ӏедалан дезара обаргаш аьлларг дина ломанхошна тоьхна налогаш лахъяха. Суннатехь болу ломан зударшна Бубас ца магийра шиӀиташна Дербентерчу промыслашка балха багӀа. Обаргаллин Ӏаткъамо халкъан кхетам айабаран тешалла ду оцу хенахь цхьа могӀа кхелхина обаргаш беза авлияаш (шейхаш) бу аьлла тӀелецира халкъо, масала азербайджанан обарг Ших-Заде. Церан кешнаш тӀе нах эха буьйлира Азербайджанехь, ДегӀастанехь, Нохчийчохь, ГӀебартахь. Уггар хӀилдолуш а, кӀелхьарабовлалуш а даиман лорура гӀалгӀайн талорхой, шаьш тӀе ма летта къайлабовлура лаьмнийн кӀоргехь, тӀекхача оцу меттигехь ца кхианиг лур а воцуче. Лекхачу лаьмнашкара хала дахаро ламанхошка талораш дайтора, лелош берг даиман а цхьа некъ бара готтачу Ӏинчухула, иза даиман а ларъеш яра. Амма та1заран экспедицеш, массо а Ӏинаш чуьра хьокху хьаннаш, оьрсийн салташа дохку некъаш арабехира ламанхой аренашка.