Top 10 similar words or synonyms for дажар

тогiешкахь    0.983892

маiаш    0.981524

маӏаш    0.980411

жимма    0.980174

дадар    0.979156

ялтийн    0.978810

тогӏешкахь    0.978698

шуьга    0.978676

дехкий    0.978168

цiерниг    0.978013

Top 30 analogous words or synonyms for дажар

Article Example
Нохчийчуьра акхарой Хьаннашна юккъехь ло кIорга диллахь а семса хуьлу шерачу арахьчул. Цундела Iай хьаннашкахь хуьлу церан дажар.
Нохчийчуьра олхазарш Цхьайолчу меттигашкахь дуккха а ду и тайпа олхазарш. Дажар лаьттахь ду церан. Куллан кондар тӀе а, дакъаделлачу синтар тӀе а ховшу уьш. Адам шен бенна аьттехгӀоьртича дека а декаш тӀоьхула хӀийза хӀурцӀалдиг, я цхьана кондар тӀера вукха кондар тӀе хуьйшуш, синтем байна хьийза. Баннаш лаьттахь до цара, я бецан тоьлгакӀеллахь я бецан кондаршлахь. ХӀоьаш 5-6 до баьццара бос а болуш, кхоьлано тӀедарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху.
Нохчийчуьра олхазарш Дахар хьаннийн кортошкахь аренашкахь ду. Дажар лаьттахь ду. Наггахь дитта тӀе а, диттан кондар тӀе а хоу. Шишша цхьана а хуьлу, гӀеранашца а хуьлу. ГӀаш-некъахочунна тосало нӀаьвларчий новкъахь ежаш. ТӀома хӀаваэ хьала а юьйлуш ека нӀаьвларчий. НӀаьвланан екар иштта ду: «юьли-юьли-юьли, юьл-юьлу-юьлу». Бен лаьттахь бо нӀаьвлано. 5-6 хӀоа до цо. ХӀоьаш кӀайн ду, цӀиэ тӀедарчий а долуш. Тойна а апрель-июнь баттахь доккху.
Нохчийчуьра олхазарш Кечал-кхокхийн дахар хьаннашкахь, бецан аренашкахь, ялтийн аренашкахь ду. Цхьана меттехь дац церан дахар. ДӀай-схьай кхелха уьш. Баннаш стен, боьршан — шишша цхьана а кхеташ дитташ тӀехь до цара. Чекх са а гуш сиргӀатех бой хуьлу церан бен. Тойна апрель баттахь доккху. КӀайн шиъ хӀоа до кечал-кхокхано. Баннаш ден хан дӀаяьлчи гӀеранашках лела уьш. Бадар вукха кхокханан санна чехка ду. Аьхка де дохделлачу хенахь дитта тӀехь набарш еш Ӏеш хуьлу уьш. Бекар чӀогӀа ду цуьнан гӀоргӀачу озанца «кху-у-ру-ра… кху-у-рура» бохуш. Дажар ялтийн аренашкахь, кхаш тӀехь ду церан. Ялта а, бецан хӀу а доу цара.
Нохчийчуьра акхарой Боккха сай иза хьуьнан хьайба ду. Цхьана меттехь дац церан дажар. Хьаннашца кхерста уьш. КIорга ло диллича, дIай-схьай лела хала хиларна Iа доккхуш цхьана меттахь совцу уьш. БархI а, итт а корта хуьлу церан цхьанакхетта бажа. Шешан руьйта даа гIа а, генаш а долчу метте, хьуьн чохь хIоттайо цара. Толлан чкъор дукха деза оцу хьайбанна. Хьун хьаькхначу меттехь тIекIел ехкина дечигаш ерриге а йожу цара дIай-схьай а керчош. Цундела хьун хьокхуш болчара, гIулчаш а ца еш, шаьш охьа ма-еттара юьту уьш. Аьхка буц цоу оцу хьайбанаша. Къаьсттина дарбане бецаш йоу цара. Ялташна новкъарло а ца йо, адмаша кечдина цхьа а тайпа докъар а ца доу оцу шатайпачу хьайбанаша. Ша мел меца хиларх адамаша бинчу элан холанна тIе ца кхевда боккха сай. Оццала акха бу иза. Цхьаллехь ду цуьнан дахар. Ша цхьаъ къаьсттина кхерсташ Iедал ду цуьнан. Хиш, Iаьмнаш лаьттинчу тогIешкахь, диттийн кондарш, маргIал долу меттигаш еза цунна. Адам а, говр а чекхдалалур доцчу Iаьмнашкахула хотталхула атта лела иза. Лекхачу настарша а, шуьйра яьржаш йолчу бергаша а гIо до цунна ишттачу меттигашкахула лела.