Top 10 similar words or synonyms for валарца

NotFoundError    0.789

Top 30 analogous words or synonyms for валарца

Article Example
Мухьаммад — ХӀай, Буракъ! хьо хилалахь тешна, — вист хилла Мухьаммад, — вайн Деле къинхетам аса хьуна боьхур бу, Ялсаманин неӀ хьуна йиллина хир ма ю. И дешан аьлла Делан элча валарца нуьре Буракъ цунна улло еара, тӀехаа аьтто беш иза дӀахӀоьттира.
Яхья Закария пайхамаран а, цуьнан зудчунна Элисан а дукха хена дуьйна цхьа бера ца хилла, тӀаккха иза АллахӀ-деле доьхуш вара, шен кӀант валарца. АллахӀ-дала тӀеэцна хилла цуьнан дехар, цуьнга маликаш а дахкийтина, кхаъ баьккхина хилла цуьнга. ТӀаккха къанвелла Закария, бӀе шо долуш хиллачу хенахь, шекваьлла маликаш дийцинчух, цо хаьттина цаьрга и дешнаш бакъ хиларан хаам барх. Хаам гучубаьлла кхаа дийнахь Закария вистцахуьлуш.
Закари Закария пайхамаран а, цуьнан зудчунна Элисан а дукха хена дуьйна цхьа бера ца хилла, тӀаккха иза АллахӀ-деле доьхуш вара, шен кӀант валарца. АллахӀ-дала тӀеэцна хилла цуьнан дехар, цуьнга маликаш а дахкийтина, кхаъ баьккхина хилла цуьнга. ТӀаккха къанвелла Закария, бӀе шо долуш хиллачу хенахь, шекваьлла маликаш дийцинчух, цо хаьттина цаьрга и дешнаш бакъ хиларан хаам барх. Хаам гучубаьлла кхаа дийнахь Закария вистцахуьлуш.
Мухьаммад Ша дуьненчу валарца Мухьаммада бӀаьргаш стигала хьала а хьовсош аьлла: „"АллахӀу акбар! Ла илахӀа иллаллахӀ, Мухьаммадан расулуллахӀ; Дела хьо воккха ву! АллахӀ воцург кхин дела вац. Делан элча Мухьаммад ву“." Мухьаммадан нана дог-ойла цӀанъелла а, цецяьлла а хилла. Седа жайна хьожуш волчу Аминатан вашас, шен йишин кӀант цӀенчу динан да хир ву, воккха паччахь хир ву, аьлла чӀагӀдина. Иза дуьненчу ваьллачу ворхӀалгӀачу дийнахь ӀабдуллахӀин дас Ӏабдул МуттӀелипа шен кӀентан кӀант вазварца доккха шун а хӀоттийна, езаниг ша хаьржина Мухьаммад цӀе тиллина. Мухьаммад дуьненчу валале ши-бутт хьалха кхелхина ӀабдуллахӀ.
Шаман Шаманийн коьрта Ӏалашо юкъараллин психика дийна хилар ларъяр ю. Шираллин адамийн тайпанахь иштта стаг хилар боккха аьтту бара, хӀунда аьлча церан бӀоболар шаьш, жиннех а, «зуламийн ницкъех» а дуьненахь лардеш ду олий. Шаьш «деланашка» а, лакхарчу ницкъашка а деш долчу дуӀанаш а, сагӀанаш а доцуш, кхин а «дезчу хӀумнаш тӀехь корматаллаш» йолу адамаш хилар, царна синош гарх, уьш хьала а бевлла Стигалан «деланашца» цхьанакхетарх а, жоьжахате чу а биссина шайтӀанашца, лазаршца, валарца тӀом барх тешна бара. Дарбанан камланин Ӏадат хоттийнера пациентан сатийсам товаларх тешаре доккхуш. Шамано могашалла юхаерзор хиларах пациентан тешар чӀагӀдора Ӏадатца я кхин хӀуманца. Оцу практикашна юкъадогӀу шаманийн кхерстар, сагӀанаш дахар, камлании еш дийнна театраш хиттаяр. Шаманийн Ӏадат даиман тӀехула кечдина хуьлу. Наггахь цхьа хӀума чекхдаккха дийнна «театр» хоттайо. Леррина кечйина хӀусамо гойтура дийнна «шаманийн» лаьттан гӀайре — жима дуьне. Шаманан массо а динан гӀуллакхан хӀуманаш дуьне гойтура, цундера кӀорггера маьӀна долуш яра. Дуьне диллина дара шаманан барзакъ тӀехь, жиргӀан тӀехь, кхин а хӀуманаш тӀехь а. Шаманан дахар доьзна ду синийн дуьненахь леррина белхаш дарца — цамгаршна дарба дар, «цӀе караерзор», догӀа дехар, беллачаьрца къамел дар. Шаманийн белхаш а, Ӏадаташ (камлани) а йо шовкъен халхаршца, цаьрца лелайо тюнгур (жиргӀа) я вота, я башха хелхарш.