Top 10 similar words or synonyms for басаев

нисдан    0.985824

дезара    0.983591

уллорчу    0.982644

дежийлаш    0.982501

физически    0.981846

пхьераш    0.981449

къеначу    0.980919

коьрто    0.980729

масхадов    0.980351

шемал    0.980318

Top 30 analogous words or synonyms for басаев

Article Example
Басаев, Шамиль Салманович Шами́ль Салма́нович Баса́ев, иштта Абдалла́х Шами́ль Абу́-Идри́с (1965 шеран 14 январь, Дишни-Ведана, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР — 2006 шеран 10 июль, Эккажакъоьнгий-Юрт, ГӀалгӀайчоь) — Нохчийн республика Ичкери Россех дӀакъастаран Ӏалашон хила тӀеман а, Нохчийчохь 1991—2006 шарашкахь хийлачу темийн а жигара декъашхо, Нохчийн Республика Ичкерин куьгалхойх цхьаъ. Иза вара Ичкерин армийн инарла (веллачул тӀехьа цуна елира генералиссимус цӀе).
Нохчийчоьнан истори 23 сентябрехь Басаев Шемалас а, Радуев Салмана а Ӏедал ницкъала дӀалацаран а, Конституци йохаяран а, шариӀат низам дохадаран а, арара политикан некъ Россегахьа хиларан бехк президентан тӀе а биллина, Масхадовга дарж охьадиллар дийхира. Цунна жоп луш Масхадовс Басаев Шемалан правительство дӀасахийцира. Оцу девн жамӀ президенто Соьлжа-гӀалин арахьарчу алсамдолчу лаьттан доладан йишцахилар дара. 1999 шеран 3 февралехь Масхадовс кхайкхийра Нохчийчохь «шариӀатан куьйгалла массо а хӀуманна тӀехь». Парламентера низамкхолларан бакъо дӀаяьккхира, ткъа лаккхара низамкхолларан меже хилира Шура — исламан кхеташо. Цунна дуьхьала Басаевс кхайкхийра ша коьртех а волуш «оппозицийн Шура» кхоллар. Масхадов Асланан некъан агӀорчарна («барамберш») а, «радикалашна» (коьртехь Басаев Шемал волу, оппозин Шура) а, юкъахь доьдуш дов долуш, нохчийн—дегӀастанан дозанехь хьал ирделира. Нохчийчохь тӀелаьцна волу ДегӀастанан вахьабитийн корта Кебедов Бахьауддин, нохчийн эмираш ахчанца, герзаца, гӀирсашца гӀо а деш, кхоьллира автономни тӀеман тобанаш, царна герз а, гӀирс а белира. Июнехь-августехь дуьххьарлера Ӏиттадаларш хилира ДегӀастане дехьа бевллачу тӀемлойн а, дегӀастанан милицин а, ткъа 7 августехь нохчийн-дегӀастанан ваххьабитийн вовшехтоьхна тоба куьйгаллехь Басаев Шемал а, Ӏарбийн тӀемло Хаттаб а волуш Нохчийчоьна агӀора чубагӀара ДегӀастане. 15 августехь Масхадовс Нохчийчохь чрезвычайни хьал кхайкхийра, ткъа шолгӀачу дийнахь Соьлжа-гӀалахь митингехь Российн куьйгалла бехкебира ДегӀастанера хьал кӀоршаме даккхарна.
Нохчийчоьнан истори 1993 шеран февралехь Нохчийчохь кхочушдаран а, законашдахаран а Ӏедалан юкъахь конституцин къоьлла хилира. 15 апрелехь Соьлжа-гӀалахь Театральни майданахь дуьхьанца экономикан, ткъа тӀехьа политикан лозунгашца йолаелира оппозицин митинг, цара президентега а, правительствега а балхара дӀадовла, керла парламентан харжамаш бие бахара. Цунах бахьана дина 17 апрелехь Дудаевс арадаьккхира омар Парламент, Конституцин суд, Соьлжа-гӀалийн гулам дӀасахоьцуш, республикехь президентан бакъолелар а, комендантан сахьт хоттош, дӀасахийцира Чоьхьарчу ГӀуллакхийн Министерство. Оццу дийнахь шайн митинг йолийра президентан агӀорчара. 4 июнехь Дудаевн герзашдолу накъосташа Басаев Шамиль куьйгаллехь а волуш дӀалецира, боьдуш Парламентан а, НР Конституцин суьдан болх а болуш Соьлжа-гӀалин гуламан гӀишло, дӀасалаьхкира Парламент, Конституцин суд, Соьлжа-гӀалин гулам.
Нохчийчоьнан истори 1997 шеран 27 январехь Нохчийчохь хилира президентан харжамаш, толам баьккхира, 59,1 % харжамхоша кхажтесначу Масхадов Аслана. Республикан Ӏедална а, шайна цхьацца кӀошташ дӀалаьцна Ӏашболчу эмирашна а юкъахь барт боцара, компромисс каръярхьама, Масхадов правительство юкъа гӀарабевлла оппозицин хьалхелелориш балуо гӀерта. 1998 шеран январехь эмир Басаев Шемал хоттийра Министрийн Кабинетан председателан декхарш кхочушдан. Кхин болу эмираш цалечкъош президентаца конфронтацие бахара. 20 июнехь эмир Радуев Салман вистхилира нохчашка республикан куьйгаллин жигара дуьхалойие бохуш, меттигерчу телевидениехь. ШолгӀачу дийнахь цуьнан агӀо хьаьжира телевидении а, мэрии а дӀалаца, амма тӀекхаьчна правительствон лерринайолу подразделенеш тасаелира цаьрца, оццахь кхелхира къоман кхерамазаллин гӀуллакхан директор Хултыгов Леча а, Радуевн тобан штабан начальник Джафаров Ваха. 24 июнехь Масхадовс Нохчийчохь чрезвычайни хьал кхайкхира. 13 июлехь Гуьмсехь исламан леррина Ӏалашо йолчу полкан эмиран Бараев Ӏарбин а, къоман гвардин батальонан эмиран Ямадаев Сулиман а юкъахь кхийсараш хилира, ткъа 15 июлехь Бараевн герзашцайолчу тоба тӀелетира Гуьмсен къоман гвардин батальонан казармашна. 20 июлехь президента Масхадовс шен омарца кхайкхийра ШариӀатан гвардии а, Исламан полк дӀасахецар.
Нохчийчоьнан истори Ӏуьйрана 1 декабрехь российн авиацино тӀетуьйхира герз Калиновски а, Хенакхаьлла аэродромашна, тӀаккха Соьлжа-гӀала — Къилбаседан аэродроман, халлакайира Нохчийчоьнан шайолу авиаци. 11 декабрехь Ельцин Бориса куьгйаздира № 2169 йолу «Нохчийн Республикан латтан тӀех низам а, низман бакъо а, юкъараллин кхерамазалла латтадар» бохучу Омар кӀела. Оццу дийнахь Мохкларбаран министерствон а, ЧГӀМ Чоьхьара эскарийн а дакъойх лаьтташйолу Эскарийн Вовшехтоьхна тобан (ЭВТ) подразделенеш, Нохчийчоьнан латтан тӀе чуевлира: малхбузехьара (Къилбаседа ХӀирийчура ГӀалгайчоьнан чухула), къилбаседа-малхбузехьара (Къилбаседа ХӀирийчоьнан Мазалкан к1оштехула), малхбалехьара (ДегӀастанан мохк тӀехула). Декабрь чекхболуш тӀемаш дуьйладелира Соьлжа-гӀалин йистошкахь. 20 декабрехь мазалкан группировко дӀалецира Долински юьрт, нохчийн столицан къилбаседа-малхбузехьара тӀебогӀу некъ дӀахадийра, ткъа гӀизларан группировко оцу муьрехь дӀалецира Петропавловски станицера тӀай, дӀахадийра къилбаседа-малхбалехьара Соьлжа-гӀала богӀу некъ. 23 декабрехь буса оцу группировкан юкъара подразделенеш, малхбалехьахула гӀалин гуо а тесна, дӀалецира столицин юкъара юрт Хьенакхаьлла. 31 декабрехь российн эскар тӀелетира Соьлжа-гӀалин. ГӀалахь урамаш тӀехь тӀемаш дуьйладелира. 19 январехь федеральни эскарша дӀалецира Президентан ГӀала, дудаевгӀеран коьрта ницкъаш юхабевлира Нохчийчоьнан къилба кӀошташка. ТӀеххьара, 1995 шеран 6 мартехь Басаев Шемалан батальон юхаелира Ӏаьржахийист (Черноречье) олу гӀалийнйистера — нохчийн тӀемлоша латтошйолчу Соьлжа-гӀалин тӀеххьара кӀоштера. Соьлжа-гӀала дӀалаьцча тӀемаш дехьадевлира Малхбузан а, Малхбален а Нохчийчоьнан акъарийн дакъош тӀе. 30 мартехь дӀалецира Гуьмсе, ткъа шолгӀачу дийнахь — Шела.