Top 10 similar words or synonyms for бакъдолуш

нахе    0.978814

потифаран    0.978043

ӏутбатан    0.976949

азан    0.975832

муттӏелипан    0.975192

хуьлийла    0.974700

якъубан    0.974292

исхьакъан    0.973446

хӏашим    0.973204

хӏарон    0.972473

Top 30 analogous words or synonyms for бакъдолуш

Article Example
Юсуп Потифаран зуда Зулейха Юсупана тешнабехк марзбан гӀоьртина хилла. Делахь а, Юсуп доьхьал ваьлла, цо аьлла: ХӀан-хӀа! Ас тешнабехк бийр бац сайн элана, баккъалла а цо суна дика дина, сан лерам а бина. Бакъдолуш, со Делах кхоьру. ОьгӀаз яхана тӀаккха Потифаран зуда, цо арз дина шен майрачуьнга. Ӏазизана-м хиъна зуда харц луьш юй. Цунна хиъна Юсуп тешаме вуй. Цо аьлла шен зудчуьнга: Бакъдолуш, хьо гӀалат боьвллачерах хилла. Юсуп Мисарахь шен хазаллица вевзина хилла, иза цхьанна гича, олуш хилла: Дац хӀара адам, сийлахь малик бен дац иза.
Мухьаммад МутӀӀиман кӀанта Джубайра дийцина, АллахӀан Элчано элира аьлла: „Бакъдолуш, со Мухьаммад ву 9 со Ахьмад а ву 10 со дӀадойъург а ву, АллахӀа соьца керстаналла дӀадойъуш ду со Гулдийриг а ву, адамаш гулдеш волу; со тӀаьххьарниг а ву, сайл тӀаьхьа кхин пайхамар воцуш волу“. ХӀара хьадис нийса ду, Бухарийс а, Муслима а дийцина а ду.
Юсуп Уьш бахана хьуьнах, цара Юсуп кхоьссина хьуьнхара гӀу чу, жимчу Юсупах къинхетам ца бина цара, воккха стагах Якъубах а къинхетам ца бина цара. Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан дог а жима дог хилла. Ткъа, гӀу кӀорга хилла, гӀу бодане хилла, Юсуп ша цхьаъ хилла. АллахӀа кхаъ баьккхина хилла Юсупе, цо аьлла цуьнга: Са ма гатде, кхера а ма кхера. Бакъдолуш, АллахӀ хьоьца ву, хьан цхьа доккха гӀуллакх хир ду.
Мухьаммад Мухьаммада аьлла: «Бакъдолуш, со Мухьаммад ву; со Ахьмад а ву; со ДӀадойъург а ву, АллахӀа соьца керстаналла дӀадойъуш ду; со Гулдийриг а ву, адамаш гулдеш волу; со ТӀаьххьарниг а ву, сайл тӀаьхьа кхин пайхамар воцуш волу». ХӀара хьадис нийса ду, Бухарис а, Муслима а дийцина а ду. Къайсан кӀанта Абу Муса ӀабдуллахӀа дийцина: «Делан Элчано тхуна шен цӀерш ехира, царех цхьаерш тхуна дагахь а лаьттира. Цо элира: «Со Мухьаммад ву, со Ахьмад ву, со ТӀаьхьа вогӀург ву, Тоба даран пайхамар а ву, Къинхетаман пайхамар» а ву. Иштта хӀокху дешнашца дийцина а ду иза: «ТӀеман пайхамар а ву». ХӀара хьадис нийса ду, Муслима дийцина ду иза.
Юсуп Цу хьуьнхахь новкъа йоьдуш цхьа тоба хилла. Новкъахь уьш хьагбелла, цара лехна гӀу. ГӀу гина царна, цу тӀе цхьа стаг вахийтина цара, шайна хи даийта. Стаг гӀу тӀе веъна, шен ведар схьаэцна цо. Ведар чухецна цо, тӀаккха ведар деза карийна цунна! Хьаладаьккхира цо иза, ведар чохь кӀант хилла! Цецваьлла и стаг, цо кхайкхина (кхечаьрга). Кхаъ бу шуна, хӀара кӀант ву. Нахана чӀогӀа хазахетта, цара иза дӀахьулвина. Мисаре дӀакхаьчча уьш, базара дӀа а хӀиттина, цара кхайкхина: Хьан оьцу хӀара кӀант? Хьан оьцу хӀара кӀант? Ӏазиза эцца Юсуп, кӀеззиг дирхӀамех. Махлелохоша воьхкина Юсуп, царна ца воьвзина Юсуп. Ӏазиз (Потифар) иза а эцна, шен гӀали чу вахна, цо аьлла шен зудчуьнга: Ларам бе Юсупан, бакъдолуш иза нийса кӀант ву.
Юсуп Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан цхьайтта ваша хилла. Юсуп хаза кӀант хилла. Юсуп хьекъале кӀант а хилла. Цуьнан дена Якъубан иза дукхавезаш хилла цуьнан массо вежарел. Цхьана буьйсанна Юсупана цхьа тамашийна гӀан гина. Цунна гина цхьайтта седа, цунна гина малх а, бутт а, уьш дерриг цунна сужуд деш хилла. Жима Юсуп чӀогӀа цецваьлла! Иза ца кхетта цу гӀенах, муха дийр ду седарчаша а, маьлхо а, батто а адамана сужуд? Жима Юсуп шен да Якъуб волчу вахана. Цунна дийцина цо и тамашийна гӀан. ХӀай сан дада! Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш. Цуьнан да Якъуб пайхамар хилла. Якъубана чӀогӀа хазахетта цунна гина гӀан бахьана долуш. Цо аьлла: Дала беркат дойла хьуна хӀай Юсуп, цхьа гӀуллакх хир ду хьан. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. Цхьа гӀуллакх хир ду хьуна. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена Исхьакъана, АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена ИбраьхӀимана а. Бакъдолуш, Цо ниӀмат дийр ду хьуна а, ниӀмат дийр ду Якъубан охӀланна а. Якъуб воккха стаг хилла, адамийн амалш евзаш хилла цунна. Хууш хилла цунна, шайтӀано толам муха боккху, шайтӀа адамаца ловза муха ловзу а. Цо аьлла: ХӀай сан кӀант,Хьайн вежаршка цхьаьнгга а ма дийцалахь и гӀан, цара хьагӀ лоцур ю хьоьца, мостагӀий а хир бу уьш хьуна. Вежарийн хьагӀ Юсупан кхин цхьа ваша хилла, цуьнан шен нанас вина, Биньямин цӀе а йолу. Якъубана и шиъ чӀогӀачу безамца везаш хилла, и шиъ санна цхьа а везаш ца хилла цунна.